Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

15.10.2015 14:03 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 79-80 от 15.10.2015 г.

Пох1мечу хьехархочух дош

Автор: ДОКАДЖИЕВ 1абдулхьамид,
Россин сийлахь хьехархо

Адаман оьмарехь шовзткъе цхьайтта шо к1езиг хан яц. Ткъа оццул шерашкахь ишколехь болх бина хьехархо, суна хетарехь, къоман сийлалла ю. Дахарера дуккха а зиэделларг а долуш, шен хьежамаш а болуш д1ах1утту муьлхха а адам хенан йохалла. Ишттачарех ю 1964-чу шеран хьалхарчу сентябрехь Гуьмсан к1оштан Комсомольски юьртан барх1шеран ишколе юьхьанцарчу классан хьехархо балха еана Абдулханова Ухман Ибрагимовна. Оцу дийнахь д1аболийна, шовзткъе цхьайтта шаре кхаьчна хьехархочун къинхьегаман некъ.
Ухмана хьалхара класс чекхъяьккхира Фрунзенски областан Петровски к1оштан Петровка юьртахь. 1958-чу шеран январь баттахь шаьш лаамаза кхойтта шо даьккхинчу Г1ирг1азера Даймахка ц1абирзира Абдуразаков Ибрех1иман доьзал.
Доьзалан д1атарбалар, 1ер-дахар Комсомольски юьртахь хилира. Юьртара юьхьанцара ишкол чекхъяьккхинчул т1аьхьа Гуьмсерачу №12 йолчу интернате (х1инцалера №5 йолу ишкол) деша д1ало иза дас.
Гуьмсерачу хьехархойн училищехь дешначул т1аьхьа, цо болх а беш, чекхйоккху Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан историн факультет.
Балха т1ехь дика кхиамаш хиларна 1986-чу шарахь «Хьехархо-методист» ц1е ло цунна. Ишколан, дешаран урхаллин, к1оштан администрацин, Дешаран-1илманан министерствон ц1арах совг1аташ дарца билгалбаьккхина дуккха а шерашкахь хьанала къахьоьгуш дешаран хьукматашкахь цо бина болх.
Абдулханова Ухман хьехархойн доьзалера (династера) ю. Цуьнан да Ибрех1им 1935-чу шарахь Ростов-г1алахь хьехархойн курсаш а яьхна (рабфак), Гуьмсан к1оштан дешаран декъан инспектор, хьехархо белхаш бина ву. Доьзало хаьржинчу некъана тешаме хилла схьабог1у Ухманан доьзал. Цуьнан йоккхахйолу йо1 Зульфия Комсомольски юьртан юккъерчу ишколехь физика хьоьхуш ю, Лариса Соьлжа-г1аларчу юккъерчу № 44 йолчу ишколан юьхьанцарчу классийн хьехархо ю. Амма доьзална хьехархочун корматаллин сийлалла гайтина, довзийтина ца 1аш, шен дешархошна а гайтира цо хьехархочун белхан сирла, дика, халкъана а, махкана а пайде аг1онаш. Ухман Ибрагимовнас марзбинчу некъахь цуьнца белхаш беш бу цуьнан хилла дешархой.
Шен а дахарехь зиэделларг долчу, амма шен дуьххьарлерачу хьехархочун сирла амат дагахь лаьттачу Абдурашидова Роза Абуевнас иштта хастамечу дешнашца дагалоьцу Ухман Ибрагимовна:
Хьайна Дала деллачу
Хьуьнарца, безамца
Мел дика 1амадо
И бераш ахь.

Ирсаца хуьлийла
Т1едог1у денош,
Аьттонца дог1ийла
Мел дог1у де!
Ухман шен белхан говзанча хилла ца 1аш, доьналла долуш къонаха стаг ю. Оьшучохь хьанна а дика, тешаме накъост ю, гуттар а балха т1ехь оьшучунна лехамехь ю, шега дуьйцучуьнга ладог1а а, хьехам бан а хууш ю, бух боцу къамел дийр долуш а яц.
Тахана юкъарадешаран ишколашкахь 1-7 классашкахь дешар керлачу стандарташца д1ахьуш ду. Оцу балхо керла декхарш х1иттадо хьехархочунна хьалха. Хьалхалерачу кепашца болх д1абахьа г1ертарх и декхарш кхочушдалур долуш дац. Оцу балхах Ухман дика кхета. Дукхахаболчу хьехархоша шех масала оьцуш, х1окху заманан лехамашца дика ларош схьайог1у иза.
Шен хааршца, шен дешархой 1амо болчу лаамца билгалъюьйлучу Ухмана бечу балхах шен къамелехь ишколан директора Исаходжиев Ризван Магомедовича элира: «Муьлххачунна пайдаэца диканиг, хьекъалениг, беркатениг ду дехачу дахарехь хьехархочун Ухманан гулъеллачу хазнин т1орказ чохь. Цо цхьаннах а лечкъа а ца йо, я хьул а ца йо и хазна. Шегара оьшучунна комаьрша д1ало цо ша шерашкахь гулдинарг.
Ас а сайн балха т1ехь цуьнгара дуккха а диканиг схьаэцна. Дикачух масал эцаро кхачаво стаг дахаран лакхарчу т1ег1ан т1е.
Дахаро кховдийначу дезчу совг1атах – хенах – даккхийдеш, тахана вай ларбан беза уьш, шайн зиэделларг къоначу т1аьхьенна д1адала».

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

117