Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

07.10.2015 11:20 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 77-78 от 07.10.2015 г.

Есенин Сергейн - 120 шо. Россин зевне илланча

Автор: ГАЗИЕВА Аза
РФ-н яздархойн Союзан декъашхо

Къегинчу пох1мица оьрсийн литература серлайохуш дуккха а хьуьнаре поэташ бу Россин. Делахь а ша схьаваьлла халкъ, дай кхиийна латта, цуьнан башха 1алам дезарца наггахь верг а ца кхочу царех Есенин Сергей Александровиче. Россин шера аренаш, цуьнан юькъа хьаннаш, дайн лила кхетча санна, сеналле дирзина 1аьмнаш гуш хета, Есенинан исбаьхьа мог1анаш доьшуш. Иза бакъволу оьрсийн  поэт хилла шен экамчу, оьздачу сица, карзахечу амалца, чолхечу дахаран некъаца. Дукха ца ваьхна поэт, амма оьрсийн литературехь цо йитина сирла лар 1аламат йоккха а, чулацаме а ю. Кху деношкахь, октябрь беттан 3-чу дийнахь, 120 шо кхочу поэт вина, ткъа иза д1акхелхина 90 шо кхочуш ду… 

1895-чу шеран 3-чу октябрехь Рязански губернина юкъайог1учу Константиново-Юьртахь ахархочун доьзалехь дуьнент1е ваьлла Есенин Сергей. Поэтан нана Титова Татьяна шен лаамехь безамца ца яханера Есенин Александре маре, мелла а токхо йолчу доьзалера ву аьлла, дас-нанас бертаза д1аеллера. И бахьана хила тарло, дукха хан ялале, кхо шо кхаьчна Сережа карахь а волуш, иза дец1а юхаерзар. Бакъду, ненахоша дика доладора хинволчу поэтан, къаьсттина ненавежарша. Церан 1аламат хьоме вара к1ант, цкъа а шайна юххера д1а ца волуьйтуш, коча, аьрха кхиош. Пхи шо а кхачале нека дан, говр хахка, мелла а элпаш 1амийнера. Барх1 шо кхочуш-м Сергей, шен ненавежарий санна, дика хелхаволуш, илли олуш, балалайка локхуш вара. Исс шо кхаьчна к1ант Константиновехь йолчу земски училище деша д1авелира. Кхиамца и училище чекхъяьккхина ваьлча Спас-Клепике г1аларчу хьехархойн курсашка деша вахийтира. Бераллехь дуьйна Сергей дешарна т1ера вара, к1орда ца деш даима книгаш йоьшуш вара. Пхийтта шо кхачале ша стихаш язъян а волавелла иза. 1912-чу шарахь, хьехархойн курсаш к1ант чекхъяьхна волуш, дикка г1араяьлла ю цуьнан поэтически корматалла. Цхьа тамаше мукъаме, тамехьа лерса хьостуш ю цуьнан дуьххьарлера байташ. Уьш 1аламах, хенан х1оттамах, дийнатех ю. Цаьрца массаьрца, адамашца санна, къамел деш хетало поэто. Адмаллех, къинхетамах, сирлачу кханенах йолчу дегайовхонах дуьззина ду цуьнан поэтически мог1анаш. Цхьа тамашийна мукъаме ду, хилла ваьллачу поэта яздича санна, чулацаме а ду.
1913-чу шарахь Москва-Г1ала д1авоьду къона поэт, зевне бос керча ирс лаха. Амма нийса хир дацара и йоккха шахьар Есенин гучуваларх самукъадаьлла, массо а кор-не1 диллина, яккхий зурманаш а локхуш, дуьхьалъяьллера аьлча. Бухахь девзаш цхьа а адам дацара. Х1ара гаре сатесна я кхунах тамаш бан кечвелла муххале а цхьа а вацара. Хало даьхкира Москвахь даьхна хьалхара денош, беттанаш. Эххар а корректоран г1оьнча белхан меттиг нисло поэтана И. Сытинан типографехь. Цу балхах 1ехавелча санна сихлой, нускал даладо. Изряднова Анна Романовна яра цо дуьххьара ялийна зуда. Цо вина к1ант Юрий вара кхуьуш. (Иза къинхетамза х1аллаквина ежовщинин мур д1аболалуш 1937-чу шарахь). Амма дукха сиха и ший а к1ордира поэтана. 1ар-вахаран ойла к1езиг йора Есенина. Доьзалан хьашташа садуучарех вацара иза. Я цунна хьалха цуьрриг ша декхарийлахь ца хетара. Къинхьегамна пе а тоьхна, самукъадаккха меттиг лохучарех вара. Дахаран коьрта къилба хилла д1ах1оьттинарг поэзи яра цуьнан. Ша схьаоьцу дерриге а алапа книгех духкура, ткъа доьзална напха латто ша декхарийлахь хилар цкъа а дага ца дог1ура цунна. Т1аккха бехк буй къоначу х1усамненан, кхунна реза ца хилча? Делахь а цуьнан ойла ян раг1 ца кхочура Есенинан. Цунна ша хилла ваьлла поэт хетахь а, Москвара газетийн, журналийн редакцеш цкъачунна х1ара тергалвеш яцара. Редакцийн белхалой ца бешара юьртара х1уо детталучу кхуьнан поэзех. Оцу гал-морзахаллаша дог эт1адора къоначу поэтан. Иза маларехьа велира, болх а д1атесира, доьзал а буьйхира.
1915-чу шарахь Есенин Сергей Москвара Петербухе д1авоьду. Цигахь бевза цунна оьрсийн поэташ Гумилев Николай, Ахматова Анна. Цара лаккхара мах хадабо къоначу поэтан поэзин. Шайн ницкъ кхочу г1о-накъосталла до цара цунна. Ц1еначу даггара схьакховдийначу доттаг1аллин куьйго дог ира-карах1оттадо вайн Сергейн. Накъосташа-поэташа тешийтира С.Есенин шен хьуьнарех. Кхин а болх бан дог доуьйтуш, ойла т1ома яьккхира цара цуьнан. Дуьххьара зорбане елира кхуьнан «Береза» ц1е йолу стихотворени. Иза 1аламат беркате хилира. Поэт вевза россин литературни шуьйрачу гуонашкахь. Цуьнга кест-кеста кхойкху литературни суьйренашка. Х1инца цуьнах бакъволу оьрсийн поэт олу. Россин поэзин хиндерг кхуьнан сийлахьчу ц1арца дузу. Шо шаре далале Есенинан гергало тасало поэташца Блок Алексадраца, Городецкий Александраца, Клюев Николайца. Петербухехь 1916-чу шарахь зорбане йолу цуьнан дуьххьарлера говзар «Радуница».
1917-чу шарахь Есенин Сергейс шолг1а нускал даладо. Иза яра Зинаида Николаевна Райх. Мейерхольд Всеволод Эмильевичан театрехь болх беш актриса яра Райх. Поэт цуьнан хазаллех 1ехавелла, сихаллехь дина захало дара иза. «Ойла йоцуш динарг г1айг1а йоцуш доьрзура дац», — олу халкъалахь. Сатийсамечу ирсе ца кхечира Есенин актрисица. Къона поэт маларца эвхьаза хилар тидаме а эцна, ханна мелла цулла доккха долу нускал 1ехо доьлла даго къастинарг, цкъа а марехь хилла яц ша аьлла. Амма харцо заманна йохалла гучуялаза ца юьсу. Дукха хан ялале Есенин т1аьхьакхиира шена нускало йиначу ямартлонна. Гечдар аьттехьа ца дуьтуш, дуьненчохь кхин д1а яккха йисинчу массо ханна дегабаамо бен бира поэтан экамчу даг чохь. Карахь йо1 а йолуш йитира цо Зинаида Райх. Цхьана ханна юхавеара, йо1ах къахетта. Иза т1еверзина яьлла ша аьлла хетачу актрисас кхин цхьа бер дира. К1анта йоццачу ханна 1ехийра поэт. Амма дукха хан ялале девнаш, дегабаамаш, ваьснаш юха а д1аюьйлаелира. Эххар а 1921-чу шеран 19-чу февралехь суьдехь къаьстира и шиъ, берашна напха латтор Есенина шена т1елоцуш.
Чекхдаьллачу ХХ-чу б1ешеран 20-чу шерийн юьххьехь Есенин Сергей шен кхиаман г1ушлакхехь вара. Петербухерачу, Москварачу газеташа, журналаша, вовшашца яьхье а дуьйлуш санна, хаддаза зорбане йохура цуьнан стихаш. Уьш 1аламат маь1не, чулацаме, еша атта яра. Цул совнаха, мог1а бинна зорбане юьйлуш книгаш яра цуьнан; «Голубень», «Преображение», «Страна Советская», «Персидские мотивы», дуккха кхин ерш а.
1921-чу шеран июнь баттахь РСФСРн культурин нарком волчу Анатолий Васильевич Луначарскийс кхайкхина Росси еара дуьненахь г1араяьлла евзаш йолу хелхарча Айседора Дункан. Цуьнан схьаялар Ирландера дара, ткъа болх беш иза Америкехь яра. Ларамза дацара иза Росси кхайкхар а. Керлачу 1едална керла хелхарчаш оьшура, говзанчаш оьшура. Къоначу советийн 1едало Айседорина т1едиллира мехкарий хелхабовла 1амо школа схьаеллар. Цо, реза а хилла, шен болх д1аболийра, юкъ-кара сольни концерташ луш. Цуьнан цхьана концерте нисвеллачу Есенинан шовкъечу хелхарче безам бахара. Берх1итта шо Дункан йоккха хиларо новкъарло ца йира бахначу безамна. 1922-чу шеран май баттахь Айседора Дункан яла а йой, цуьнца дозанал арахьа турне воьду Сергей. Европехь, Америкехь шайн дог лаьттачу массо а маь11е кхечира и шиъ. Говзаллин лаккхарчу т1ег1анехь хелхарчин корматалла йолу Айседора массанхьа езаш т1еоьцура, цуьнан концерте дукха адам дог1ура. Ткъа хьовсархошна юкъахь уггаре тешаме доттаг1 оьрсийн поэт вара. Амма, мел халахеташ делахь а, поэт иза поэт ву, дуьненан муьлххачу маь11е кхачча а. Дукха хьолахь церан мел шовкъе безам а шарал т1ех ца болу. Есенинна а к1ордийра Айседора Дункан а. Хелхарча Америкех юьтий, ц1авоьрзу поэт. 1923-чу шарахь Росси ц1авирзинчу поэта д1аболабо «Хулиган» ц1е йолчу стихин керлачу цикл т1ехь болх, царна юкъайог1у «Исповедь хулигана», «Любовь хулигана». 1924-чу шарахь зорбане йолу цуьнан «Москва кабацкая» ц1е йолу книга. Цхьаболчара дийцарехь, уьш актрисина Миклашевская Августинна лерина яра. Амма оццу муьрехь Есенин Сергейс кхин цхьаъ керла нускал даладо. Х1инца иза Софья Андреевна Толстая яра. Оьрсийн сийлахь-воккхачу яздархочун Лев Николаевич Толстойн к1ента йо1. Цундела 1аламат хала ду кхета, баккъала а йолу поэтан карзахе ойла хьанах хьерчаш хилла, шен экама синахаамаш цо хьаьнга балхош хилла. Амма, цхьана а кепара шеко йоцуш, бакъдерг цхьаъ ду: Есенин Сергей, дуьйцийла йоццуш, пох1ме поэт хилла. Россехь дехачу массо халкъийн а мах боцу беркат ду цуьнан зевне поэзи. 1аламат йоккха хазна ю цуьнан сирла кхолларала. Ткъе итт шарахь бен ца ваьхнехь а, оьрсийн литература ц1е йолчу исбаьхьчу хьаьттахь, ша тайпачу башхаллийца къесташ, беркате майда ю С.Есенинан цкъа а нур доврдоцу сирла поэзи. 1925-чу шеран 27-чу декабрехь яздина поэта х1ара мог1анаш:

1одикайойла хьан,
Хьоме доттаг1,
1одикайойла!
Хьо даима сан даг чохь ву!
Кху дахарехь керла дац валар.
Вахар а ца хилла-кх керла!

Дог иэшначохь поэто шен дешархошка деш весет хета и г1айг1ане дешнаш. Уьш маь1не а ду, х1оранна сих кхета ницкъ кхочуш а ду, милла ойлане ваккхал чулацаме а ду. Инзаре къаьхьачу хорамо дог 1уьйдуш хилла-кх цуьнан, дахаран т1аьххьарчу м1аьргонехь шен ц1ийца и мог1анаш яздина хилча. 1925-чу шеран 28-чу декабрехь Петербухехь «Англетер» ц1е йолчу хьешан ц1ийнехь ирхъолвелла карийна ХХ-чу б1ешеран тоьллачарех цхьаъ волу поэт Есенин Сергей.

Сергей Есенин

Сергей Есенин

Марсаяьлла, хета, сийна ц1е.
Дукхаезна геналла а йицйи.
Соьга х1инца дов ма кхийдаде,
Безам бийца воллу со иллица.

Д1атесначу бешах тарло со…
Буьту ас мехкарий а, малар а.
Х1инца сайн дахаран т1алам бо,
Дити ас хелхарш, иллеш алар а.

Х1инца лаьа хьоьга хьоьжуш 1ан,
Баьццар бос б1аьргийн хьан хазбелла.
Кхин карийна, хьо ма г1ойла д1а,
Сан селхане т1аьххьара а язъелла.

Тайна болар, ишта дег1ан кеп…
Воккхавоь со хаза амат гича.
Безам бу соьхь, ца ларийнехь къеп,
Хьуна муьт1ахь хила ву со кийча.

Синкъераман эшац суна туш,
Кийча ву со байтех а д1акъаста.
Амма лаьа, куьйгех хьакхалуш,
Гуьйренан бос болу месаш хьаста.

Хьан а, сан а суна некъаш тов,
Хилар уллехь уьш я геналлийца.
Дуьххьара ас т1е ца лоцу дов,
Дуьххьара хьоь кхойкху сайн иллица.


* * *
Дохковаьлла, кхойкхуш, со ца воьлху, 
1ожа т1ера къайлабаьлла х1ур... 
Цунах терра дерриге д1адовр ду, 
Юха хир бац сан жималлин мур.

Детталур дац х1инца, хьалха санна, 
Кийрахь шело шеца йолу дог... 
Дакх кхуьучу махка тахна — кхана 
Кхочур буй-те сан берзина ког?

Наг-наггахь бен сино, долий кхерста, 
Байташ язъян хьийза ца бо мотт. 
Дицлуш лаьтта синхаамо хьестар 
Мичахь бу-те б1аьргаш чуьра х1орд?

Сан лаамаш б1аьрмециге хилла. 
Дахар ду и? Я ду иза г1ан?
Хетало:ц1ег1азчу говра хиъна, 
Ас 1уьйренца йоккху новкъахь чан.

Кху дуьнен т1ехь даим дац вай дехар. 
Лаьтта г1ийла оьгу къохкан г1аш 
Хьан декъала хила зевне дахар...
Цунах дуьсург ду цхьа тийна каш...

Гочйинарг – 
Хожбауди Борхаджиев

Гочйинарг – Хожбауди Борхаджиев

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

110