Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

10.09.2015 15:37 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 71-72 от 10.09.2015 г.

Хатуев 1абдулхьамидан - 63 шо. «Со д1аваьлча, юрт ма елхаелаш…»

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Ас далхийна иллеш хьолхур ду,

Сан къиношна Деле гечдар доьхуш,

Ас массарна вониг гечдийр ду,

Со везначийн б1аьргаш

                         т1аьххьара лоьхуш.

 

Хатуев 1абдулхьамид 1952-чу шеран сентябрь беттан 1-чу дийнахь Г1ирг1азойн махкахь вина. Цигахь аьлла цо дуьххьара нохчийн маттахь дош, цигахь яьккхина лаьтта т1ехь дуьххьарлера г1улч а. Нохчашна шайн Даймахка, Г1ум-Азин арахь кхойтта шо даьккхинчул т1аьхьа, ц1аберза бакъо елча, цуьнан да-нана а деара ц1а, Мескар-Эвла, шайн доьзал а балош. Мескар-Эвлахь хьалхарчу классе деша вахана 1абдулхьамид, кхиамца юккъера школа яекхъяьккхина, Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университете деша вахара, оьрсийн мотт, литература, нохчийн мотт, литература а хьехаран говзалла караерзо. Дика доьшуш а, стихаш, пьесаш, критически статьяш язъеш волчу 1абдулхьамидан стихотворени 1974-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан аг1он т1ехь араелира. Шеца цхьаьна доьшуш волчу шен доттаг1чунна Сумбулатов Абузарана лерина язйина «Некъахо» — стихотворени яра иза. Сих-сиха араюьйлура цуьнан стихаш «Коммунизман байракх», «Комсомольское племя», «Грозненский рабочий», «Ленинан некъ» — газетийн аг1онаш т1ехь. Поэташлахь шен дашца, синхаамаш, ойланаш йовзийта а, д1акхачо а хаарца, башхачу меттан мукъамца къаьсташ билгалдаьлла пох1ма хиларна вовза волавелира къона поэт.

Студент волуш 1-Хь.Хатуевн кхолларалла цуьнан накъосташна бен евзаш ца хиллехь, х1инца иза вевзара дика поэт, критик, журналист санна. Масех шарахь Мескар-Эвларчу юккъерчу школехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш болх а бина, дуккха а шерашкахь журналистикехь къахьийгира 1абдулхьамида. Цо цхьабосса дика язйора статьяш, фельетонаш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. 1абдулхьамидан дош 1алашоне кхочура, хьаькамийн сагатдеш, иза орцахваьллачарна г1о-накхосталла а кхочуш. Газетехь бечу балхо д1а ца хервира къона поэт литературах. Зорбанехь араевллачу нохчийн яздархойн говзарех шена хетарг а олуш, церан мах а хадош, статьяш, рецензеш а язйора цо. Уьш кхечара язйинчарех къаьсташ хуьлура маттаца а, хьежамашца а. Кегий пьесаш язъеш а вара 1абдулхьамид. Цуьнан цхьайолу пьесаш студенташа университетехь х1иттийра. Царех цхьаерш Нохч-Г1алг1айн телестудехь гайтира. К1еззиг а язъеш, дика язъечу поэтех вара 1абдулхьамид. Цундела цуьнан дешнаш т1ехь даьхна иллеш а, эшарш а халкъо, шен долуш санна, ша кхоьллича санна, т1еэцна. Синах хьаьрчаш, даг т1е дуьйшуш ду 1абдулхьамида иллеш, «хьалха кхолладелларш дешнаш ду-те я мукъам бу-те х1окху иллийн» — бохучу хаттаро жоп а лоьхуш. Мукъам а, дешнаш а вовшех ца къастало, яздешшехьа дешнаш синмукъамехь хилла дела. Синмукъам г1айг1анах боьзна волчу поэтан иллеш шовкъе ду, ладоьг1ачийн ойла карзахйоккхуш, синтеме ялош. Ладоьг1учаьрга шайца цхьаьна узам, мукъам байта ницкъ бу 1абдулхьамидан «Бусалба сан Нохчийчоь», «Аьрзунан илли», «Стиглара д1абайна седа», «Со д1аваьлча, юрт ма елхаелаш», «Т1аьххьара бал», «1одикайойла, сийна беш», «Доттаг1а», «СО д1авоьду», «Б1аьсте ер ю», «И дуьтуш лийр ду-те вай?», «Х1ай, Латта, ахь гечдийр дуй?» кхин а иттаннаш цуьнан иллийн а, эшарийн а.

1-Хь.Хатуевс нохчийн маттахь нохчийн махках а, нохчийн халкъах а язйина дуккха стихаш зорбанехь арайийлина ингалсан, туркойн, сербийн, украинцийн а меттанашкахь. Турцехь книга а араяьлла поэтан. Дика язйора 1абдулхьамида стихаш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Цунна тоьшалла ду цуьнан цхьайолчу стихех вовшахтоьхна «Бусалба сан Нохчийчоь», «Я веду себя на расстрел» — стихийн ши гулар.

Нохчийн литература кхиорехь юкъадиллина дакъа тидаме а эцна, НР-н Президента Р.А.Кадыровс поэтана Хатуев 1абдулхьамидана «Нохчийн халкъан яздархо» — сийлахь ц1е елира.

Шена дукхабезачу Даймахках а, нохчийн халкъах а нохчийн халкъана дуккха а иллеш даьхна, «1одикайойла, сийна беш», «Со д1авоьду», «Со д1аваьлча, юрт ма елхаелаш» доггаха баьхна волу Хатуев 1абдулхьамид 2011-чу шеран январь беттан 17-чу дийнахь Делан 1ожалло вайна юкъара д1авигира. Дала гечдойла цунна. Алаза дош а, чекхдахаза иллеш а долуш вайна юкъара д1авахнехь а, халкъо дезаш т1еэцначу цуьнан иллеша вайн дагалецамашкахь сирлачу вастехь вахор ву 1абдулхьамид. 

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

396