Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

26.04.2016 15:12 Вторник
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 28-29 от 26.04.2016 г.

Дахарца йоьзна ю Хожбаудин кхолларалла

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени
НР-н хьакъволу журналист

Суна хьалха 1охку тайп-тайпанчу шерашкахь яздина куьйгайозанаш, книгаш: статьяш, стихаш, дийцарш, повесташ. Х1оранна а бухахь яздина терахьаш ду, д1адаханчу б1ешеран 70-чу шерашкара 2014-чу шере кхаччалц йолу хан юкъалоцуш. Церан автор публицистикехь шен дашца, поэзехь шен мукъамца вевза журналист, поэт Борхаджиев Хожбауди ву. Шен дахарехь а, кхоллараллехь а г1еметтах1оьттинчарех ву Хожбауди. Борхаджиев Хожбауди вина 1956-чу шеран февраль беттан 15-чу дийнахь Казахстанерчу Караганда-г1алахь.

Нохчашна шайн Даймахка бухаберза бакъо елча, Гуьмсе-эвла, шайн дайн ков-керта, шайн доьзал балош ц1абаьхкира Хожбаудин да Рамзан, нана Кийса а. К1ентан бералла д1аяхара Гуьмсен урамашкахь, юьртана гонд1ара меттигаш а евзаш: Б1аьн некъ, Г1аролан барз, Гертманан кешнаш, Гуьмс-дукъ, Астаг1а Тимаран саьнгар, Шемалан саьнгар, Наьрташ даьхна меттиг, Алмазан ч1аба яьккхина тог1и, Дозанан барз...
Ширачу историн тешаш, хьалха ярташ хилла, бертахь дика-вонаш д1адерзош, оьзда адамаш даьхна меттигаш... Кхолламаш... Адамийн кхолламаш... Йиснарш ц1ераш, баьрзнаш, шира чарташ... царех дийцарш а... И меттигаш гуттаренна а иэсехь юьсур ю к1ентан, цара Даймахкаца йолу уьйр-марзо, з1е а ч1аг1ъеш. Бераллин хено беркате бинчу т1е1аткъамо Даймахках стихаш язйойтур ю Хожбаудига. Шен сица еххачу хенахь кхаьбнарг, лезнарг а ду поэто вайн лерсине кхачийнарг, тидаме диллинарг.
Дукха ю Х.Борхаджиевн поэзехь поэта М-С.Гадаевс набахтера яздинчу цхьана кехатехь дуьйцучуьнца йог1у стихаш. Мохьмад-Салахьа яздо: «И поэзия боху х1ума тоьъарг «лозуш» ю сан. Корерчу маьнги т1е г1ант а х1оттийна, цу т1е а ваьлла, арахьаьжча, сийна беш-хьаннаш а, генара анайисташ а гича – ов-в-в олий, стихийн мукъамехь ц1овза доьду дог. И деган ц1ийзар д1аяздан а хьаьвза. Амма, цкъа-делахь, зама а ца хуьлу, шолг1а-делахь, дог кхоадо: дагна ч1ог1а ницкъ хуьлу и тайпа х1уманаш язъеш – забарна доцуш, ах1и-декъахь доьлхуш хуьлу и оцу муьрехь, б1аьргех 1енаш хиш а долуш. И х1ума цадевзашверг кхаьрдар ву цунах. Амма оцу «1азапца» бен кхоллалуш яц, мел «зевне» екаш уьш елахь а. Даггара язйинарш йоьшучун дагах кхеташ а хуьлу. Оцу дагах кхеташ йолчу стихех хуьлуш ю юьззина йолу поэзи».
Хожбаудин поэзи иштта хилар ч1аг1до вайн махкахь дика вевзачу поэта Акбиев Хаваса: «Хьалхо, Сталина нохчашка такхийтичну 1азапах ша байташ язъечу хенахь, поэтана дагадеана хир дац шена шен халкъаца цхьаьна къизачу т1еман къаьхьа чам баккха а, и къахьо д1амала а дезар ду аьлла, адамийн г1айг1а-бала шена а гур бу, аьлла. И къиза бакъдерг поэзин мог1анашца, лала а лелина, охьадоттаделира:

Нохчийчохь д1аялац тахана кхолар,
Нанойн бала – бе а барам боцуш.
Къапалг хилла йоьжна Соьлжа-г1ала –
Сан бераллин г1ан ду иза доца.

И ерриг байт («Доьлху лаьмнаш») къеггина тоьшалла ду стеган дахар поэзех д1аэран, дешан а, синхааман а, цецвоккхуш, цхьаьнадар. Сайн б1аьрхиш ца совцалора соьга, цу дешнаш т1ехь яьккхинчу эшаре лодуг1уш. Боккъал а дика эшар кхоллаелла цу дешнаш т1ехь...
Башха мог1анаш! Бендоцуш цахилар, ойлаяр... Говзарш кхоллар – чолхечу дахаран хиламийн к1урк1манехь ц1еначу, хьаналчу поэтана бен делла х1ума дац...»
Шен дайн дахар-1ер д1адаханчу меттигашкахь левзина, самукъадаьлла, ц1акхаьчначу к1антана шайн чохь дас-нанас марзонца, боккхачу безамца сих-сиха йохуш хезара кхунна ца девзачу адамийн ц1ераш, «вара, яра» а олуш, генара мохк а хьехош. Т1аьхьо хиира к1антана, ша х1окху махкахь ца виний, ден-ненан къамел, г1айг1а-бала, синхьийзаме, сингаттаме ойланаш Сибрехахь д1акхелхинчу дай-нанойх, йиша-вешех, юьртахойх юй а. Т1аьхьо, дас-нанас дийцича, шен кхетам кхиъча, дахаро хьалха х1иттийначу дуккха а хаттаршна жоьпаш карийча, бехк-гуьнахь а доцу халкъ махках даьккхинчу, Даймахка бала боьссинчу 1уьйренах, шен са парг1атдала ца дуьтучу кхойтта шарах «Февральский набат» – стихотворени язйо Хожбаудис. Оцу заманах поэташа язйинчу стихашлахь дикачарех лара мегар ду иза. Даймахкана генахь болчу, цуьнга сатуьйсучу нохчийн даггара язйина М-С.Гадаевс «Даймахке сатийсар» – стих-илли. И стих-илли лаккхарчу говзаллийца оьрсийн матте гочйина Хожбаудис.
Оьрсийн а, нохчийн а маттахь стихаш язъеш ву РФ-н яздархойн, журналистийн а Союзийн декъашхо Борхаджиев Хожбауди. Цо нохчийн матте гочйина М.Лермонтовн, К.Симоновн, К.Хетагуровн, К.Кулиевн, Р.Гамзатовн, Б.Окуджаван стихаш. Оьрсийн матте гочйина М-С.Гадаевн, М.Сулаевн, А.Айдамировн, М.Дикаевн, Ш.Арсанукаевн, Ш.Рашидовн, М.Кибиевн, Л.Абдулаевн, М.Ахмадовн, Хь.Сайдуллаевн, А.Эдельхановн, 1.Саиевн, А.Ахматукаевн, 1-1.Асхабовн и.д1.кх. стихаш а.
Шайна чохь поэзин мукъам хиларна, Хожбаудин стихаш т1ехь даьхна иттаннаш иллеш д1аолуш, эшарш локхуш а бу НР-н, РФ-н хьакъболу артисташ: Межиева Макка, Ахмадова Амина, Каримов Ринат, Гадаев Валид, Адамова Тамара, Саламгереева Альбина, Минцаев Мовсар. Хазахеташ ладуг1у Бисултанов Тимура, Исраилов Майрбека, Иризиева Ларисас д1аолучу иллешка, эшаршка а. Хожбаудин поэзи а, цуьнан стихаш т1ехь даьхна иллеш, эшарш а Нохчийчохь евзина ца 1а. Т1аьххьарчу шерашкахь Россин мехкашкарчу журналистийн цхьаьнакхетарш хилла Москвахь, Сочехь. Оцу цхьаьнакхетаршкахь жигара дакъалоцура Хожбауди куьйгалхо волчу Нохчийн Республикерчу журналистийн цхьаьнакхетараллин векалша. Оцу мехалчу форумийн болх д1а а болабора, берза а бора Хожбаудин дешнаш т1ехь даьккхинчу, Гадаев Валида д1аолучу «Гимн Кавказа» иллица.
Нохчийчохь журналисташлахь д1аьбаьхьначу дуккха а къовсамашкахь толамхо хиллачу Хожбаудина тайп-тайпана совг1аташ дина, царна юкъахь «Платиновое перо» — ц1е йолу деза совг1ат а долуш. Цуьнан статьяш, стихаш а зорбане йийлина Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь арадовлучу газетийн, журналийн а аг1онаш т1ехь, ткъа иштта «Журналистика и медиа-рынок» журналехь а.
Хожбауди прозехь а язъеш ву. Цуьнан дийцарш, повесташ зорбанехь арайийлина «Орга», «Вайнах», «Нана» журналийн аг1онаш т1ехь оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь.
Х.Борхаджиев коьрта редактор волчу «Гумс» редакцин коллективан белхан лаккхара мах хадийна иза доьшучара а, 1едало а, грамоташца, дипломашца а совг1аташ деш.
Журналистикехь, литературехь а хьанал-ц1ена къахьегарна Хожбаудина «НР-н хьакъволу журналист», «НР-н хьакъволу культуран белхало» — сийлахь ц1ераш елла, ткъа иштта М.Мамакаевн «Дашо аьрзу» орден, «Интеллектуальни Центро», РФ-н журналистийн Союзо, НР-н Парламенто, НР-н культуран министерство а «Сийлаллин мидалш» елла. Г1оза йоьшийла аша Хожбаудин «Селхана а, тахана а» ц1е йолу керла книга.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

197