Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

27.10.2017 16:27 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 69-70 от 27.10.2017 г.

Бохаман не1саг1ехь

Автор: Хожбауди БОРХАДЖИЕВ

Дакъалоцурш:

Лорьма – х1усамда

Тамара – х1усамнана

Турпал – церан 14 шо долу к1ант

Мадина – ц1еран 17 шо долу йо1

Шарип – Турпалца цхьаьна классехь доьшуш волу накъост

Башир – лулахо, Шарипан да

Асвад – лор

Марха Алиевна – школан директор

Хьалхара сурт.

Лоьмин х1усам. Ханъяьлла хан.

Лоьма (г1ант т1ера хьалаг1оттий, ц1а чухула волало. Ч1о1а саготта ву): — Ванах, и к1ант хье х1унда велла-те? Телефон д1атоьхча, вист ца хуьлу… Х1инццалц цо деш х1ума ма дацара и. Цуьнан накъост волчахь вуй хьаьжжий шу и?

Тамара (йоьхна ю): — Хьаьжна. Аьлчи, телефон тоьхна… Жоп ца делира. Цуьнан нана ю сагатдеш. Цхьаьна волчух тера ду и шиъ. Шинна а телефонаш д1аяйина ю…

Мадина: — Телефонаш-м летта яра церан, жоп ца ло-кх.

Лоьма: — И кхин доьхнарг ду. Т1ккха я з1ене бовла йиш йоцуш 1аш бу уьш, я яйина цара мобильникаш…

Мадина (резайоцуш): — Я лачкъийна…

Лоьма: — Лачкъаярх-м, карайора уьш цхьацца 1едалан белхалошна…

Мадина: — Дада… Ахь диннарг суна мегаш ду, амма вай к1антана эца оьшуш-м яцара и еза мобильник…

Лоьма: — Х1унда бах ахь и? Хьан ваша вац и, нийсархошна луург – лууш, царна деззарг – дезаш. Цхьаъ бен воцучу к1антанна совг1атна еза телефон яла йиш йоцуш ву со?

Тамара: — Йо1, ахь и деза совг1ат хьайна дича, духа ма ца делира?

Мадина: — Мама, цкъа делахь, со сайн вешел кхо шо йоккха ю. Шозлаг1а делахь, со класс чохь уггаре дика доьшуш ю, я телефонан йийсарехь яц и санна. Аш Турпалан дневник т1аьххьара маца теллина? И дешарна бхаваьллий хаий шуна?

Тамара (цецъяьлла): — Муха ваьлла? Хьастаг1а школехь дай-наной гулбинчу гуламехь Турпал хьеста ма вора хьехархочо.

Мадина: — Во хьестийна-кх, ма-дарра ца дийцина… Нийса аьлча, вайн дада г1уллакхехь ву бохуш, хьестаелла… Ткъа Турпалан амал кураллехьа йирзина. Цуьнан доттаг1 Шарип ву изза цамгар хьакхаелла. Кхин долчу берашца з1е ца лелайо царшимма, хаьдда ву царах…

Лоьма (оьг1азе): — Собардел, собардел… Хьо суна доьзал муха 1амо беза бохуш, хьехамаш беш-м яц? Со лаккхара даржехь болх беш ву, сайн хьекъале а, хьуьнаре а хьаьжжина. Ас сайн к1антана х1умма ца кхоайо: дикачарех компьютер, мобильник эцна, машен а хохкуьйту… Суна-м ч1ог1а товш ма хета и «Мерседес» хаьхкина, вог1уш гича. Хьуна х1унда дог1у-те и новкъа, цуьнан йиш яц хьо?

Мадина (т1аьна-тийна): — И дац ас бохург… Цу компьютер чохь гал мел даьлларг ду. И к1ант мобильник чуьра араволуш вац, аса-м цунна 1уналла дан деза бахара…

Тамара: — Хаза ду и… Тхойшинна цо х1ун леладо ца хаа, ахь дан дезар-кха и 1уналла!

Мадина: — Дера и Шарип схьакхайкхина, не1 д1ач1аьг1на, и шиъ чувоьлча, ларт1ехь х1ума доций хаа-м мегар ма ду. Цо со тергал ца йо, шуьшиннан ша хьоме вуй хууш…

Лоьма: — Цу компьютеран чохь тахана дерриге бераш ма ду. Царал совваьлла х1ун леладо цо?

Мадина: — Муна гуш дерг: цуьнан хийцаелла амал, и доьшуш ца хилар, кхечу берашца и ийна ца хилар ду… Кхана дуьйна т1аьхьадовла цунна.

Тамара: — Йо1, ахьа-м кхера ма йина со. Цхьа х1умма а хезна лелаш-м яц хьо? Д1атохал юха а телефон.

(Мадина, мобильник схьаоьцуш, з1ене яла хьожу, амма цунах г1уллакх ца хуьлу).

Мадина (йоьхна ю): — Дада, со-м ца хьахош 1адда1аш яра, шуьга са ца гаттадайта дагахь. Турпал, Шарип тахана шайн хьехархочуьнца довдаьккхина, цо аьлларг ца деш, урокехь ца соцуш, д1авахна. Со уьш каро хьаьжира… Т1аьххьара и шиъ интернет-клубехь гина…

Арахь мохь туху цхьамма. Лоьмас не1 д1айоьллу. Чувог1у лулахо – Башир.

Башир: — Ассалам 1алайкум, Лоьма. Со-м, шуна х1умма хезний-те, аьлла чувирзира, хьо ц1ахь велахь, больнице цхьаьна ваха дагахь...

Лоьма: — Суна хууш х1умма ма дац. Дийцал, х1ун хезна лелаш ву хьо? Телефон д1атохарх, вайшин ши к1ант вац з1ене волуш…

Башир: — Дера и шиъ больнице ма кхаьчна. Со волчу х1инцца ишколан директор еанера, хьоьга а хабар д1атоха бахара… Ша берашка ладог1а яхара и. Ши к1ант лазийначух тера ду… Циге г1о вай…

Лоьма: — Машен т1е-м ца кхетта царна?

Башир: — Т1екхетта елхьара дика-м дара…

Лоьма (пальто т1е а юхуш): — Цунах муха кхета веза?!

Башир: — Ч1ог1а галваьлла лелла вайшин ши к1ант. Г1алан юккъехь лекхачу г1ишлон тхов т1еваьлла, чуиккхина… Лайн баьрзнашна т1евожарна, дийна висна…. Меженаш лазийна… Кадаккхий вай? (Берриге арабовлу).

Шозлаг1а сурт.

Больница. Лоьма, Башир, Асвадна т1екхочу. Уллехь Тамара елхаийзайо. И теян г1ерташ ю Мадина. Царна т1ейог1у школан директор Марха Алиевна.

Асвад: — Аш боккъалла сагатдан оьшуш х1ума дац кхузахь. Царна дагадеънарг дара галдаьлларг – цу лекхачу г1алан тхов т1ера вала дагахь чуиккхина и щиъ. Цхьа Делан орца хьалхадаьлла, дийна бисна… Шиннан а когаш лазийна. Оха гипс тоьхна, йохкуш бу.

Лоьма: — Со ч1ог1а цецваьккхина х1ума ду-кх и, тхойшиннан х1усамашкахь дожа йиш йоцуш. Оха шимма цхьа х1ума кхоийна ма вац и щиъ – я ахча, я теюхург, я кху заманан г1ирсаш…

Башир: — Кхузахь цу школан директор ю, цо тоьшалла дийр ду-кх сан къамеланна: цхьаьнне доцург-м хилла цаьршиннан даим…

Асвад: — Аш бехк ма билла, амма кхетаме къамел дац и. Бахаман хьелаш дукхахьолахь оьшуш ца хуьлу кегийрхойн синкхачанна. Са маьрша хила дезачохь, новкъарлойо хьолан токхено. Схьахетарехь, кхетош-кхиоран оьшу аьрхаш, ца лелийначух тера ду… Директоро х1ун боху хьовсий вай…

Марха Алиевна т1ехуьлу къамел дечарна.

Марха Алиевна: — Со ладоьг1уш 1ара шун къамеле. Дера тахана берашна ондда 1уналла дан деза – 1едало, дас-нанас, ишколехь… И ши к1ант хецнавитина хилла. Уггаре хьехамчаш оьшу хан ю церан. Интернетах ларбан беза уьш. Вон герз ду и…

Лоьма: — Со кхетавайша, х1ун ун ду царах хьаьрчинарг? Церан хьекъалш д1аэцнарг мила ву, хаа йиш юй, ас дан деззарг дийр ду-кх цунна!

Асвад: — Дан деззарг ц1ахь дер ахь… к1ант ц1авеача. Ткъа уьш лебинарг, царна эшамбинарг 1едало д1алаьцна. «Сийна кит» ц1е йолуш цхьа кхераме ловзар ду интернет чохь цхьа ямартчу нахана дагадеана. Церан 1алашо чекхъяьллехь, и ши к1ант дийна хир вацара… Делахь шун ирсанна дийна бисна…

Башир: — Тховса ган йиш юй и шиъ?

Асвад: — Дера ю-кх х1инца-м. Ас схьакхойкху уьш.

Лоьро палатан не1 схьайоьллу. 1асанашца гучуволу ши к1ант. Вист ца хуьлуш, лаьтта хьоьжуш, 1а…

Тамара: — Ва, са к1ант! Со яла хьан! И х1ун ду ахь динарг?! (йоьлху).

Турпал: — Мама, къинт1ера ялахьара хьо… суна а, Шарипна а луьра кхерамаш тийсинера…

Башир: — Х1ун кхерамаш? Берашка х1ун бохур ду? Сан, Лоьмин мостаг1ий ма бац кху лаьтта т1ехь?

Шарип (велха а ийзош): — Шаьш да-нана х1аллакдийр ду бахара… тхойшиъ тхов т1ера чу ца эккхахь… Шу лардан дагахь леллера тхо…

Турпал: — Мама, мел балехь варий со… Д1алаьцна бах и накъост 1едало… Ас кхин сагатдийр дац шун… (шегара мобильник нене д1акховдайо). Суна ца оьшу и – йорахниг тоьар ю…

Шарип: — Суна а ца оьшу… (шениг дега д1ало). Со х1инйа парг1ат ву-кх…

Асвад: — Дика ду х1ара иштта д1адирзина. Хилларг, х1орш кхеттал х1ума ду…

Лоьма: — Асвад, хьуна Дела реза хуьлийла. Г1алаташа 1амаво. Тхуна урок хир ю леллачух. Шун 1одикайойла. Дала диканехь вовшахтухийла вай.

Асвад: — Амин…

Кирх1а охьадоьду.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

60