Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

30.03.2017 16:55 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 19-22 от 30.03.2017 г.

Къовсам д1абаьхьира

Автор: УЧАЕВА Малкан

Март беттан 16-чу дийнахь Гуьмсе — г1алин оьздангалла кхиоран Кхерчахь “Къонахалла” ц1е йолу Къовсам д1абаьхьира.
Цуьнан коьрта 1алашо яра къона чкъор ийманехь кхетош – кхиор, нохчийн къонахийн дахаран масалш т1ехь а, вайн къоман ламастийн буха т1ехь бераш 1амор а. Шайн хаарш гайта кхуза баьхкинера Гуьмсера а, Гуьмсен к1оштан шина юьртара школийн а дешархой. Уьш бара: Гуьмсера №1 йолчу юккъерчу школан а,Гуьмсера № 3 йолчу гимназера а, Гуьмсера № 12 йолчу школера а, Кьедин-Юьртара №1 йолчу школера а, Гезлойн-Эвлара №2 йолчу школера а уьссалг1ачуй, уьтталг1ачуй классийн дешархой. Къовсаме хьовса а, дакъалаца а баьхкинера хьеший: Александров Илья Александрович – Гуьмсен к1оштан куьйгалхочун г1оьнча, Гуьмсен к1оштан оьздангаллин урхаллин куьйгалхо – Бабишев Руслан, Гуьмсен к1оштан «Гумс» газетан коьрта редактор – Борхаджиев Хожбауди. Къовсаман жам1аш дан хаьржина лараме тергамхой бара: Нохчийн Республикан культуран хьакъволу белхахо, хьакъволу хьехархо – Асхабов 1абдул-1азиз, Нохчийн Республикан культуран хьакъволу белхахо – Лечиев Адам, Гуьмсера Оьздангалла кхиоран Кхерчан белхахо – Магомадова Зина, оццу Кхерчан белхахо – Экаева Зараъ а. Къовсамна юкъадилла дезаш нохчийн г1иллакхех, къонахаллех суртх1оттор дара. Сцени т1е кхайкхира Гуьмсера № 12 йолчу школера баьхкина дешархой, ламастийн бух т1ехь шаьш кечдинарг гайта. Массо а декъашхоша, шайн рог1ехь сцени т1е а бовлуш, шаьш х1иттийна суьрташ гайтира. Ч1ог1а чулацаме а, мехала а дара уьш.
Тергамхоша цара бинчу белхан жам1 деш, йог1у баллаш х1иттош, шайна хетарг олуш, мероприяти д1аяьхьира. Шолг1ачу къовсамехь дешархоша къонахех лаьцна масалш а далош, дийцарш кечдинера. Оцу номинацехь Гезлойн-Эвлара дешархоша бен кхоччуш кечам ца бинера.
Къовсам чекхбаьлча, жам1 деш, вистхиллачу Асхабов Абдул-1азиза д1акхайкхира дакъалаьцначара яьхна меттигаш:
1-ра меттиг – Къедин-Юьртара Умаровн ц1арах йолчу школан дешархой;
2-г1а меттиг – Гуьмсера №3 йолу гимназин дешархой;
3-г1а меттиг — Гуьмсера №1 йолчу школан дешархой.
«Къонахех лаьцна масала далош дийцар» ц1е йолчу къовсамехь Гезлойн-Эвларчу дешархоша 1-ра меттиг яьккхира.
Къовсамехь толам баькккхинчарна совг1аташ д1аделира Гуьмсера Оьздангалла кхиоран Кхерчан директоро Бантаев Заурбека. Толам баьккхинчарна Сийлаллин грамоташ елира, мехала совг1аташ а дира.
Къовсам д1аберзош вистхиллачу Гуьмсен к1оштан администрацин куьйгалхочун г1оьнчо Александров Ильяс шен кьамелехь билгалдаьккхира: «Иштта къовсамаш къона чкъор кхетош-кхиорехь ч1ог1а оьшуш а, мехала а ду. Гуьмсен к1оштан администрацин ц1арах доккха баркалла боху ас шуна. Кхиамаш хуьлийла шун!»
Нохчийн къоман хазачу г1иллакхийн, 1адатийн, ламастийн бух т1ехь д1абаьхьна къовсам оьшуш хилар билгалдаьккхира дакъа мел лаьцначо а.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

3