Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

17.05.2017 16:33 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 31-34 от 17.05.2017 г.

Нохчийн халкъан сийлахь к1ант

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

Д1адаханчу б1ешеран 60-г1а шераш чекхдевлла, 70-г1а шераш дуьйлалуш, нохчийн театран кхоллараллин дахарехь беркате мур болабелира. И мур театран дахаран г1ушлакхе лара мегар ду. Оцу хенахь театре баьхкира Ленинградехь, Москвахь дешна къона актераш: Идалов Юсуп, Дудаев Муса, Хаджиева Нелли, Азаев Хьамид, Джамаев 1имран, Айдамирова Света, Исраилов Хож-Бауди, актер, режиссер Гузуев Хьусайн… Цара дакъалоцуш х1итто спектаклаш къоман синлехамашна жоп луш а, къоман дахар гойтуш а яра. Театран боккха кхиам бара «Бож-1ела», «Яьхь йолу к1ентий» спектаклаш. Ленинградехь дешна ц1а веанчу Хакишев Руслана, М.Солцаевс а дуккха а керланиг деара театре. Цара х1иттийра меттигерчу драматургийн а, дуьненан классикийн а произведенеш. Церан лаккхара мах хадийра театран критикаша. Актераш, режиссераш а гуттар а лехамехь бара, оцу лехамо уьш хьовсархошна герга а балабора. Хьовсархоша дика т1еийцира 90-чу шерашкахь х1иттийна Нунуев Сайд-Хьамзатан «Дела воцург накъост воцуш», «Лулахой», Гацаев Са1идан «Пелхьонаш» спектаклаш. Трагеди, комеди яра сцени т1ехь, дахаро ма-хьоьхху.
Нохчийн къоман Х.Нурадиловн ц1арахчу театран ламасташ кхиош схьавог1учех ву вайн махкахь а, махкал арахьа а дика вевзаш волу театран а, кинон а актер, НГ1-н халкъан, РФ-н сийлахь артист Омаев Дагун. Жима волуш дуьйна актер хила ойла а, сатийсам а хиллачех вац Дагун. Х1ара ша ма-вогг1у сцени т1е хьала а ваьлла, театран говзанчаш цецбаьхначех, хьовсархойн шовкъ-безам шегахьа баьккхинчех а ву.
Са ц1еначу, оьздачу наха йиллинчу, 1аламан хазаллин дакъа долчу Сиржа-Эвлахь 75 шо хьалха дуьненчу ваьлла Ибрах1иман, 1аламатан к1ант Дагун. Дуьххьара аьхначу х1аваах къурд Сиржа-Эвлахь бинехь а, шен дахарехь дуьххьарлера г1улч Казахстанан лаьтта т1ехь яьккхина хинволчу актеро. Массо а нохчийн берийн санна, Дагунан бералла а яхна, Даймахках долу ненан дийцарш, хаза хабарш г1енах а гуш, самаха уьш кхочушхила а лууш. Кхойтта шарна дахделла Даймахкана сагаттар, сахьийзар, г1айг1анца Малхбузехьа, дайн махкехьа – б1аьрг беттар а эрна ца хилира. Нохчашна ц1а бахка бакъо елча, Дагун а ц1а веара шен ненаца, йиша-вешица. Да, Сибреха х1орш д1абуьгуш, новкъахь д1акхелхинера. Хийла берийн аьзнаша юьзна лаьттина Сиржа-Эвлара цхьайолу ков-керташ яьсса яра… Генарчу Г1ум-Азин аренашкахь къеллой, мацаллой кешнийн баьрзнаш динера царех. Х1орш а, кхин эзарнаш а, 1ожалла цахиларна дийна а бисина, ц1а баьхкинера. Самукъадала х1ума к1езиг делахь а, Делан диканах дог ца дуьллуш, кханенах тешаш, вовшашна оьшучу хенахь орцах а бовлуш, шайн ков-керташ, ярташ, республика а меттах1отто буьйлабелира нохчий. Оцу хенахь боккхачу лаамца деша оьхура кегийрхой. Вовшахтухуш яра къоман театр, ансамблаш. Театр вовшахтохар шена т1елаьцна, ярташкахула пох1ма долу кегийрхой лоьхуш а, уьш гулбеш а вара яздархо Хамидов 1абдул-Хьамид. Цхьана дийнахь, 1-Хь.Хамидовца цхьаьна Сиржа-Эвла актераш баьхкира «Ламанан йо1» пьеса х1отто. Нохчийн мотт говза бийца хуучу, культурица бала болчу цо, спектакль чекхъяьлча, хьовсархошна хьалха къамел дира:
«Вайн къам, кхин къаьмнаш санна, шен оьзда г1иллакхаш, ламасташ, хаза мотт болуш къам ду. Вай вешан синъоьздангалла, шовкъе хелхарш, меттан исбаьхьалла йовзийта еза, яржо еза халкъалахь, кхечу къаьмнашна юкъахь… Иза кхоччуш дика ца дало пох1ма, говзалла йолу адамаш ца хилча. Нагахь шуна юкъахь актеран говзалла езаш кегийрхой белахь, дуьйла тхо долчу деша…», — аьлла.
Цо дина къамел кегийрхоша вовшашлахь, дижа ца дуьтуш, юха-юха а дора. Дагунан кхаа накъостан лаам кхоллабелира актеран говзалла караерзо. Экзаменаш Соьлжа-Г1алахь д1аяла езаш яра. Оцу накъосташа, шайца ваг1ахьара хьо, бохуш, дехарш а дина, шайн экзаменашка вигира Дагун а. Театр чохь экзаменаш схьаоьцуш вара 1абдул-Хьамид. Сцени т1е хьалабовлучу кегийрхоша стихотворени я басни йоьшура. Сцени т1е хьалавала раг1 кхуьнан доттаг1чуьнан яра. Басни еша башха ох1ла воцчу шен доттаг1чунна, г1о деш, Дагуна 1ен а ца велла, зала чуьра д1а мохь туьйхира:
- Дико ешахьа, дешнаш къастош алахьа! Ледара ма хила!–аьлла.
Вуьшта а, сцени т1ехь волчунна резавоцчу 1-Хь.Хамидовс, Дагуне ешийтира стихотворени: «Хьо иштта дика хууш велахь, ахь ешахьа!», — аьлла, х1ара яьхье а воккхуш. Экзаменаш д1аяла дагахь а воцуш ваханчу Дагунна резахилира жюри. Цара дехар дира цуьнга, студехь деша сацахьара, аьлла. Хинволу актер оцу хенахь Несарерчу техникумехь зооветеренаран говзаллехула доьшуш волу шолаг1а шо дара. Театрерчу студехь деша а, балха ваха реза ца хилла Дагун, шен дешар чекхдаккха Несаре д1авахара. Пох1ма долу к1ант 1адвита дагахь вацара 1абдул-Хьамид. Дукха хан ялале Несаре вахара 1.Хь.Хамидов, Дагунца юха а къамел дан дагахь. Театрах, культурах дехха къамел дира 1абдул-Хьамида, Дагун шена студе деша, театре балха ван лаьий хоуьйтуш, дехарш а деш. Документаш техникумехь а дуьсуш схьавеана Дагун а, Багалова Зулай а, ши туьма степенди х1оттийна, студе а, театре а схьаийцира. Театрехь ролаш ловзош, студехь экзаменаш д1алуш, д1аоьхура къоначу актеран керлачу дахаран денош. Т1аьххьара экзамен д1аелла ваьлча, 1963 шарахь, Эскарехь г1уллакхдан д1авигира къона актер. Эскарехь йоккху хан эрна д1а ца яхара, исбаьхьаллин самодеятельностехь жигара дакъалоцуш хиларна. Эскарехь г1уллакхдо кхо шо дуза ши бутт бисча, обкомера кехат даийтина, 1.-Хь.Хамидовс ц1а валийра Дагун, ша Х.Нурадиловх язйинчу «Лийрбоцурш» пьесехь Ханпашин роль ловзаяйта. Эскарера ма-вогг1у театре веана, салтичун чоа а т1ехь шен накъосташца лаьтташ волу Дагун къастийра Ханпашин вашас Мутис: «Х1ара ву-кх шен вешех тера», — аьлла. Мути шен вешех тераниг къасто валийна хиллера 1абдул-Хьамида. «Лийрбоцурш» пьесехь дуьххьара коьрта а, жоьпаллин а роль ловзош вара къона актер. Хьовсархоша резаболуш, боккхачу безамца, ц1еначу ойланашца т1еийцира керла драма а, Ханпаша а.
Театрехь дуккха а шерашкахь боккхачу кхиамца х1иттийра «Лийрбоцурш». «Лийрбоцурш» Москвахь х1оттийначул т1аьхьа диплом делира Дагунна. Цул т1аьхьа С.Бадуевн «Пет1амат» (Мусост), «Бешто» (Бешто) пьесашкахь дакъалецира актеро. С.Бадуевн произведенеш шайна чохь доккха маь1на, чулацам, синшовкъ йолуш ю. Цундела атта дац Бештох тарвала, цуьнан сица, амалца, дуьнене болчу хьежамашца ваха, хьовсархойн дог-ойла к1адъян, уьш къинхетаме кхайкха. Дагунан и ницкъ къаьчна а ца 1аш, хьовсархойн б1аьргех хи даккха ницкъ кхочу. Ц1ена б1аьрхи. Бакъйолчу искусствон ницкъ – адам дикачу аг1ор хийца ницкъ кхачарехь бу. И ницкъ Дагунан пох1мехь бу.
Д.Омаевс театрехь кхиамца бинчу белхан лаккхара мах хадийра хьовсархоша а, театран критикаша а. Актеран ц1е вайн а, луларчу а республикашкахь сий-ларамца яккха йолийра. Киношкахь ролаш ловзо кхуьйкхура Дагун. Театраца йолу з1е а ца хадош, цо дакъалоцура тайп-тайпанчу киностудешкахь. Дагуна шен дуьххьарлера роль ловзийра «Б1аьвнаш т1ехь ц1ераш» («Костры на башнях») кинофильмехь. Саратов-г1алахь д1аяьхьначу телефильмийн фестивалехь дика ловзийначу ролашна юкъахь диплом даларца къастийра Дагуна ловзийна роль. Оцу фестивалера Ю.Чулюкина, Г.Шатровс а Къилбаседа-Х1ирийчохь йоккхучу рог1ерачу- «Жизнь, ставшая легендой»-кинохь Хаджи-Мурат Дзарахоховн роль ловзо вахара Дагун. Коьрта роль кхуьнгахь яра. Актеро гайта везарг х1ирийн къоман турпалхо хилла ца 1ара, цуьнан амал, хьекъал, ойла, кхетам д1акхачо безара хьовсархошка. Уьш тешийта говзалла, пох1ма тоа дезара. Оцу декхарца т1ехдика ларийра Дагун. Керлачу фильман лаккхара мах хадийра киноискусствон говзанчаша. Театран репертуар М.Салцаевс, Р.Хакишевс а меттигерчу драматургийн, классикийн а произведенешца шорйинера.
Актерийн говзалла кхиаран, хьовсархойн ойла, кхетам лакхабаларан, ша-шена дозанаш театро цадеттаран а тоьшалла дара иза. Гарсия Лоркин «Ц1ий 1анийна ловзар» («Кровавая свадьба») Леонардо, 1-Хь.Хамидовн «Совдаттий, Дауддий» драмехь Дауд, У.Шекспиран «Кориолонехь» Авфидий, Абубешар «Бож-1ела» (1-Хь.Хамидов) спектаклехь, Жевакин Н.В.Гоголян «Зудаялор» комедехь, С.Гацаевн «Пелхьонаш» комедехь Мада и д1.кх. иттаннаш ролашкахь хилла Дагун. Турпалхой баьхначу заманашна юккъехь б1еннаш, иттаннаш шераш нислахь а, церан амалш, уьш баьхна хенаш тайп-тайпана елахь а, Д.Омаевна шен сих чекхдохуш, церан х1оранна а васт х1отто а, даста а хиира.
Абхазехь яьккхинчу «В ночь на новолуние» кинохь Алхасан роль ловзош а ву Дагун. Оцу фильмехь Алхасан роль ловзийча, «Абхазски Республикан сийлахь артист» ц1е елла, «Сухуми-г1алин сийлаллин гражданин» вина цуьнах. «Жизнь, ставшая легендой» фильмехь Хаджи-Муратан роль ловзийна Дагун х1ираша шайн къоман турпалхо лору, «Къилбаседа-Х1ирийн Республикан сийлахь артист» а ц1е елла цунна. Кхин а дуккха кинофильмашкахь: «1аьржа г1амарш» («Черные пески»), «Карабаиран ларашкахула» («По следам карабаира»), «Ламанан новелла» («Горская новелла») гина вайна Дагун. Къилбаседа Кавказерчу масех республикан, РФ-н сийлахь а, НГ1-н республикан халкъан артист Д.Омаев шен кхоллараллин дахаран лакхене кхаьчначех ву.
Къилбаседа-Х1ирийчохь – Хаджи-Мурат, Абхазехь – Алхас, Г1ебартойн-Балкхарехь – Жунид, Г1алг1айчохь – Шахбулат, Туркменехь — Чары Эсенов, Нохчийчохь – Ханпаша, Бешто, Анзор, Адин Сурхо, Таймин Бийболат, Жевакин, Абубешар, Леонардо, шовзткъа кинохь, иттаннаш спектаклашкахь дакъалаьцна Дагун вайн массеран а ц1арах 75 шо кхачарца декъалво ас. Могашалла йолуш, ирс-аьтто болуш дахар хуьлийла хьан, Дагун!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

153