Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

30.08.2017 16:38 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 57-58 от 13.09.2017 г.

Нохчийн меттан верас

Автор: АРСАНУКАЕВ 1абдулла

Кагерманов Докка вина 1933-чу шеран 9 июлехь Хьалха-Мартанан к1оштарчу Г1ойт1ахь, г1уллакххочун Денисолтин доьзалехь. Бурсакан Денисолтас тайп-тайпанчу пачхьалкхан даржашкахь белхаш бина. Грозненски горкоман комсомолан шолг1а секретарь а лаьттина Денисолта, халкъан суьдхочун болх а бина.
Докка дуьххьара школе шайн юьртахь вахна. 1942-чу шарахь да шен лаамехь Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1аме а вахна, нана д1а а къаьстина, байлахь бисина Докка а, цуьнан ваша а, йиша а. Нохчийн къам 1944-чу шарахь махкахдоккхуш, къеначу ненаненаца цхьаьна Сибрех хьажийна бераш а. Джамбулски областан Свердловски районерчу «Акх-жар» колхозехь уьш кхоь а мацалла дала а делла, кхазахашна юккъехь ша цхьаъ висна Докка. Цигара 1945-чу шарахь Г1ирг1азе д1авахна шен ненайишин ши к1ант волчу. Х1етахь дуьйна Фрунзенски областан Ста-лински районан «Путь к коммунизму» колхозехь болх а беш, хан яьккхина ненайишин ши к1ант Хьасамбин Хьумид а, цуьнан ваша 1абдулла а волчохь Чуьйрин-Эвлахошца цхьаьна. Цу тайпана, кхойттараваьлчхьана дуьйна, суьйренан школехь деша а доьшуш, белхаш бина юьртабахамехь а, промышленностан предприятешкахь а.
1957-чу шарахь Нохчийн-Г1алг1айн автономи меттах1оттийча, республикин «Ленинан некъ» газетан редакце балха х1оьттина. Оцу газетехь (х1инца «Даймохк») корректор, коьрта корректор, литературни белхахо, жоьпаллин секретаран заместитель волуш белхаш бина 1996- чу шо т1екхаччалц.
Кагерманов Доккин дуьххьарлера произведени зорбатоьхна 1955 шарахь Алма-Атахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газета т1ехь. Иза яра «Казахстанерчу доттаг1чунна» ц1е йолу стихотворени. Цул т1аьхьа стихаш, дийцарш, очеркаш зорбане йийлина «Хьалхара г1улчаш» (1958), «Къоначеран аьзнаш» (1960), «1уьйренан аьзнаш» ц1ерш йолчу юкъарчу гуларш т1ехь, ткъа иштта «Орга» журналехь а, газеташкахь а. Дуьххьарлера книга «Лаьмнашкахь б1аьсте» араяьлла 1970 шарахь. Цу т1ехь зорбатоьхна стихаш яра. Цул т1аьхьа берашна леринчу дийцарийн ши книга арахецна: «Б1аьстенан беш» (1976), «1имран а, цуьнан доттаг1ий а» (1986).
«Нохч-г1алг1айн поэзин антологина» (1981)) юкъаяхна Кагерманов Доккин берашна язйина стихотворенеш: «Пхьераш», «Ц1еран илли», «Г1езаша дов до».
Кагерманов Доккин стихаш т1ехь эшарш а, иллеш а даьхна. Царах ду Дагаев Валида д1аолу «Сан Кавказ» ц1е йолу илли а.
Д1адаханчу б1ешеран 90-чу шерашкахь Нохчийчохь лаьттинчу юкъараллин хьелаша адам карзахдаьккхинчу хенахь Доккас яздина:
...Кхоьру со хьаша,
Кьонахий кхачорна,
Уьш боцуш кхеташо,
Вайн пхьоьг1а йохарна,
Вайн эрна боьхна барт
Юха ца тарна,
И бен ца хеташ,
Зуламхой дебарна кхоьру.
Къекъачу герзаша
Бераш делхорна,
Дог хьаста да воцуш
Бала балхорна,
Еларх а 1абаза
И яххьаш кхоларан.
Наноша тийжамца
Б1аьрхиш 1енорна кхоьру.
Х1етахь и кхерам кхетам болчу адамийн дегнашкахь болуш бара. И эрна ца хилар цул т1аьхьа т1ебеанчу къизачу шина т1амо ган а гайтира.
Аболханов Хьаькима яздо: «Докка-журналист г1иллакх-оьздангаллина, къоман турпалхошна, культуран деятельшна леринчу чулацамечу материалашца вевза. Кхузахь а дахаран къилбанна тешаме хилла вуьсура иза: цуьнга яз а ца лора, цо яз а ца дора шен даго къобал ца дечух.Тахана а шен мехалла яза ю Кагермановн Доккин Гайрабеков Муслимах йолу очерк, юх-юха а зорбане яьхна цуьнан Димаев 1умарна, Айдамирова Маремана, Дикаев Жунидана, Эльмурзаев Сираждина, Мамакаев Мохьмадана, иштта кхечу а, вайн къоман культурехь, литературехь шайн б1аьрла лар йитинчу нахана лерина зарисовкаш, хьаша-да т1еэцаран, воккханиг лараран, зудаялоран-йитаран г1ил- лакхашна лерина статьяш. 80-чу шерийн шолг1ачу эхехь динна маршо яьлча, газетехула и довзийтарна, даржорна юкъ йихкина, уггаре хьалха орцахваьллачех вара Докка. Газетадешархоша лерина ларйора цо д1ахьош хиллачу «П1ераскан дийнан ойланаш».
Х1инца а кест-кеста газеташ т1ехь араюьйлу авторан материалаш. Масала, «Даймохк» газетехь зорбатоьхна «Пайхамарийн кхолламаш» ц1е йолу очеркийн йоккха цикл.
Г1ойт1ахь 4-чу классехь ша доьшуш волуш дуьйна а нохчийн халкъан къонахех, турпалхойх лаьцна долу иллеш а, дийцарш а дезаделла, уьш д1аяздеш хилла Докка. Соьлжа-г1алин книжни издательствехь 1959-чу шарахь зорбане яьллачу «Нохчийн иллеш, эшарш» ц1е йолчу фольклоран 1-чу тома юкъадахна царах цхьадерш. Важдерш зорбане довлаза, куьйгайозанехь ма-хиллара, т1еман ц1ергахь даьгна Нохч-Г1алг1айн историн, меттан, литературин 1илманан-талламан институтан архиван фондехь 1алашдина долчохь.
Кагерманов Доккех лаьцна яздечара, шайн материалашна коьрте дохку иштта дешнаш: «Догдика Докка», «Оьшуш волу стаг», «Корматаллин накъост», «Нохчийн оьздачу дешан говза пхьар», «Баьрче ца езаро баьрче ваьккхинарг», цаьрга терра кхин а. И дешнаш бакъдеш ду Доккас шен цхьана стихотворенехь шех лаьцна оьздангаллица яздинарг а:
.. .Со-м вац 1илманан
Башлаьмнаш шен хенахь даьхна,
Вац пана аренаш
Йозанийн готанца аьхна.
Я ас дина дац,
Дела резахиллал,
Нехан г1уллакх.

Ца леладелла соьга дайша хьехна
Хаза г1иллакх. Майраллий?
Ца ваьхьна лата хьаьдча кур лаца коьман.
Къиза-м ца хилла лерг хьовзо
Гуро лаьцначу лоьман.
Г1иллакхе волчу, оьздачу стага бен яздийр дац шех лаьцна иштта дешнаш.
«Беха некъ» ц1е йолуш дийцаршкахь роман язъеш ву Кагерманов Докка. Цуьнан цхьадолу дакъош «Даймохк» газетехь зорбатоьхна.
Нохчийн журналистика, культура кхиорна юкъа хазна йилларна а, юкъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш хиларна а Кагерманов Доккина «Нохч-Г1алг1айн АССР-н культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлаллин ц1ерш елла.
Нохчийн Республикин яздархойн Союзан правленис а, Россин журналистийн Союзо а Кагерманов Докка 80 шо кхачарца декъалвеш, яздинера: «Хьайн халкъан вон а, дика а доькъуш, айхьа дуьненахь йоккхучу хенахь цуьнан тешаме во1 хилла схьавеана хьо, Докка. Дала аьтто бойла хьан дахарехь а, кхоллараллехь а. Дуккха а шерашкахь вехийла хьо. Ийман а, беркат а шортта лаьттийла хьан х1усамехь!».
Оцу тайпана дешнашца чекхдаккха мегар ду Кагерманов Доккех лаьцна яздинарг.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

2484