Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

19.04.2018 11:46 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 21-22 от 19.04.2018 г.

Халкъан сица а, дахар-1ерехь а хила беза мотт

Автор: СУМБУЛАТОВ Дени

«Нохчийн къам дийна хиларан

мокхазан чIагIо ю нохчийн мотт»

КАДЫРОВ Ахьмад-Хьаьжа

Муьлхачу а пачхьалкхан хьал-бахам цуьнан лаьттах маьIданаш дукха хиларх доьзна ца Iаш, цунна чохь дехачу халкъийн меттанех, ламастех, гIиллакхех, оьздангаллах доьзна ду. И хьал-бахам цхьанхьа гулбелла меттиг Дала комаьршша Iаламан хазаллин дакъа шена делла Кавказ ю. Ширачу заманахь дуьйна Кавказехь дехачу къаьмнашлахь цкъа а тIом, дов а цахиларо гойту оцу къаьмнийн меттанаш маслаIате хиларал совнаха, царна юкъахь цхьана орамо чIагIдина вошалла а, доттагIалла а хилар. Диканиг, хазаниг, цIенаниг вовшашкара схьаоьцуш, шайх цхьанна тIелеттачу мостагIчух юкъара мостагI а веш, дика-вон цхьаьна дIадерзош, гергара мукъамаш долчу иллеша, эшарша лерса хьоьстуш, шовкъечу хелхарша дог-ойла иракарахIиттош, бертахь даьхна Кавказехь иттаннаш халкъаш. И дерриге а бакъдерш-тоьшаллаш вайга схьакхачийнарш оцу халкъийн меттанаш ду: ширачу йозанашкахь а (гуьржийн, эрмалойн), барта кхоллараллехь а. Мотт мел бу деха халкъан иэс, кхетам, амал, синмехаллаш а. Шен мотт дIатесча, бицбича, доьза дов халкъ. Доьза дайна а, доьзадаран а тIегIане кхаьчна халкъаш ду дуьненахь. Царах цхьадерш Кавказехь а ду…

Iилманчаша чIагIдарехь, xlopa шина кIиранчохь хIокху дуьненахь цхьа мотт леш бу. Беллачу маттаца леш ду дийнна къам а шен амалца, мехаллашца, Iep-дахаран башхаллашца. Мотт кхоччуш дийна лоруш бу, нагахь оцу маттахь лаххара а цхьа бIе эзар адам къамел дан хууш, и мотт буьйцуш делахь. Луларчу ДегIастанара Iилманчаш, бан ма-беззара талламаш бинчул тIаьхьа, Iожаллин киртиг тIехIоьтинчу шайн мехкан цхьадолчу къаьмнийн меттанашна орцахбевлла. ДIадаханчу бIешеран 50-чу шерашкахь дуьненахь а вевзачу нохчийн Iилманчо-профессоро Ю.Д.Дешериевс, меттанаш талла а теллина, монографеш язйира: «Бацбийский язык», «Грамматика хиналугского языка». Бацойн мотт (Гуьржийчоь, Земо-Алвани) гуьржийн мотт, гуьржийн къоман Iep-дахаран тIеIаткъам бахьнехь наггахь болчарна бен бийца ца хаьа. Цара буьйцург а, гуьржийн меттан боккха тIеIаткъам хиларна, керла кхин мотт бу, ала мегар ду. Хиналугийн мотт буьйцурш Азербайджанерчу Хиналург юьртахь бехаш хилла, ДегIастанарчу меттанашца гергарло а долуш. И мотт буьйцуш долу адамаш тахана каро хала ду. Вай лакхахь ма-аллара, бийца а ца бийцича, къомана эша а ца эшча, дIаболуш, леш бу мотт. Цхьацца бахьанашца доьза дайна Кавказера иттаннаш меттанаш, и меттанаш дийцина адамаш кхечу къаьмнех д1ауьйш, царах тарделла.

Муха ду Нохчийчохь мотт ларбеш а, кхиош а динарг? Нохчийн мотт, литература а школашкахь хьехар муха ду хьаьвсича а гуш ду, вайн маттаца йолу уьйр-марзо мел ю, вайна вешан мотт мел хьашт бу. Меттан хьашто к1езиг ю юкъараллехь, 1ер-дахарехь а. Х1иттинчу хьелаша иштта д1ах1оттийна матте йолу хьашто. Iаматаш, хрестоматеш ледаро хиларна, хила деза хаарш а, говзалла а къоначу хьехархойн цахиларна, кхачаме дац нохчийн мотт а, литература а школашкахь хьехар. Программехь билгалйина исбаьхьаллин произведенеш белхан зиэделларг, дика хаарш долчу хьехархошна лерина ю, дика хаарш доцчу хьехархошна шайх лаьцна дийца, йийцаре ян, дахарца йоза хала хир долуш. Уьш еша каро а хала ду, берийн, хьехархойн а уьш еша лаам хилча а. Бакъду, царах цхьаерш «Орга» журналан агIонаш тIехь зорбане йохуш ю, амма и журнал шен рожехь ара цадаларна, тираж к1езиг хиларна а дIакхочуш дац xьexapxoшка. Цхьаболчу хьехархоша яздайтинарг а дац почтехула цаьрга д1акхачош. Цундела наггахь бен вац «Орга» доьшург. Ерриге а тираж «Орга» журналан цхьа эзар бен цахиларо а гойту, вайн мел бала бу нохчийн маттаца. «СтелаIад» журнал, «Даймохк» газет оццу бахьанашна дешар а ду иштта ледара. Бакъду, интернетехула доьшурш алсамо бу.

Нохчаша олуш хеза: «Вай цхьа-ши миллион хилла Iийр дац...» Нохчий дукха хиларх деш долу дозаллаш а дитина, «вай, тхо», – бохуш, бетта мохь а гIелбина, «тхо дерриге а ду нохчийн маттахь язъян, еша, ойла ян а хууш», – xlopa а нохчо ала йиш йолуш велахьара, иза дара дозалла дан хьакъдерг. Масех шо хьалха олура: «Тхоьга коммунистийн Iедал долуш нохчийн мотт ца Iамабойтура, цундела ца хаьа тхуна язъян а, еша а». Иза д1акхийкхо оццул ладаме бахьана дац. Коммунисташа де боххург а деш Iийна ду вай? Дера дац-кха... «Советан 1едал т1едог1уш…», – бохуш, 1ийна ма бу вайн дай, шаьш иза д1ах1оттадарх дийца а ца дуьйцуш, цуьнан тешнабехкаш гучубевлча. Хьелаш мухха хиллехь а, вешаниг а дицдина-кх вай, къаьсттина нохчийн мотт, дуккха а хаза г1иллакхаш, 1адаташ, ламасташ а. Нохчийн мотт Iамийнарш, гIиллакх-оьздангалла дийна латтийнарш, бусалба динца доьзнарг лардинарш шаьш дийриг, дуьйцург, кхайкхориг, хьоьхург пачхьалкхан законна б1останехьа дуйла хуъушехь, г1ел а ца луш, кхера а ца кхоьруш, къахьегна бу. Уьш бахьнехь бен лар ца делла къоман башхалла билгалйо цхьадерг. Хьалха а, хIинца а къоман мехаллаш ларйинчарна, ларъечарна хала ду. Цара, 1еламнаха, 1илманчаша, яздархоша, шайна хIумма а ца доьху. Уьш кханенна дита гIерта шаьш хала гулдинарг, лардинарг: Iилма, дахаран зиэделларг, къоман синмехаллаш, шайн дош, шайх аьндолу дика дош а. Царах масал оьцуш къахьоьгуш болчу вайн интеллигенцин векалша лардинарг ду тахана вайга кхаьчнарг. Иттаннаш шераш хьалха дуьйна нохчийн халкъан интеллигенцин векалша: А. Айдамировс, К. Чокаевс, М. Ахмадовс, Л. Абдулаевс, М. Бексултановс, 1. Вагаповс, С. Умархаджиевс, Р. Дадашевс, Хь. Умхаевс, 1. Арсанукаевс, Ш. Цуруевс, Хь. Бурчаевс, Хь. Юнусовс шайн статьяшкахь, интервьюшкахь … дуккха кхечара а чIагIдора: «Школашкахь нохчийн берашна хьехар, уьш дика кхетачу, царна хуучу нохчийн маттахь хила деза», – Iилманан бух болу бакъдерг. «Къоман тептар» романан автор волчу яздархочо Юсупов Iусмана сан шеца хиллачу къамелехь элира: «ДIадаханчу бIешеран 80-чу шерашкахь Башкирерчу школашкахь I-I0 классе кхаччалц дешархошна хьехар церан ненан маттахь дара. Церан хаарш ледара цахилар гойтург уггаре а хьалха цхьаъ дара: лакхарчу дешаран заведенеш чекхъяьхнарш церан дукха хилар. ЦхьамогIа шерашкахь оцу республикехь со болх а беш Iийна дела хаьа суна, кхетош-кхиор муха дIахIоттийна дара церан школашкахь. Матто къомана зиэн дина аьлла, дало масал да-м дац къаьмнийн Iер-дахарехь. Бакъду, шен маттанна херадаьллачу адамна, халкъанна а зиэн хуьлий-м хаьа вайна. Хьехар, кхетош-кхиор Дала синош кхуллуш оцу берашна беллачу маттахь хила деза. Нагахь кхечу маттахь хьехар дIахьахь, оцу берийн кхетамна бийриг эшам а, тешнабехк а бу». РФ-н, НР-н Конституцеша бакъо еллехь а, Нохчийчохь оцу декъехь долу хьал ледара ду. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн маттахь хьехар цахиларал а совнаха, юккъерчуй, лакхарчуй классашкахь нохчийн мотт а, литература а хьеха билгалдина сахьташ (урокаш) к1езиг ду. Иттех шо хьалха хиллачул а к1езиг ду нохчийн мотт, литература хьехаран сахьташ школашкахь, училищешкахь, университеташкахь а.

Вай лакхахь билгал ма-даккхара, боккха тидам тIебохуьйту луларчу ДегIастанахь къаьмнийн меттанаш Iаморна. Кхин цхьа хIума а ду шена тIе тидам бахийта безаш: ДегIастанан халкъан Гуламехь тIеэцначу законца бакъо ю шайн къоман мотт 1амо лаам болчу пхеа дешархочунна лерина класс схьаелла. СССР-пачхьалкх йолуш Къилбаседа-Кавказерчу цхьайолчу республикашкарчу школашкахь (масала: Адыгея) оьрсийн мотт, Нохч-ГIалгIайн республикехь санна, хьоьхуш бацара. Церан школашна лерина оьрсийн меттан Iаматаш, къаьмнийн меттанийн башхаллаш тидаме а оьцуш, хIиттийна яра. Цундела оцу республикашкара дешархой оьрсийн мотт дикахо хууш а, хаарш дика долуш а бара. Нохчийн маттана тIе а тийжаш хьоьхуш бацара Нохч-ГIалгIайчохь оьрсийн мотт, цундела берийн хаарш а дара ледара. Шайна хьоьхучух кхетар ледара хилла ца 1аш, шаьш халла 1амийнарг (кхета а ца кхеташ, дагахь 1амийнарг) хьехархочунна урокехь д1адийца оьрсийн мотт ледара бара церан. Цхьана классера (25-30 дешархочух) цхьаъ лакхарчу дешаран заведене деша вахавелча а хаза кхаъ кхочура дай-наношка, хьехархошка. Дешаран министерство Москва дIало отчеташ мухха хиллехь а, кхечу республикашца дуьстича, интеллигенцин дукхаллин барам уггаре а лахара бара Нохч-ГIалгIайн республикехь.

Тахана тайп-тайпана цIерш йолу институташ, университеташ дукха хиларна, студенташ а, дипломаш а дукха ду вайн республикехь, делахь а хаарш лахара долу «говзанчаш» алсамо бу. Уьш а, кхидолу а хаттарш гулдаларна, вайн меттан хьал вон хиларна, НР-н Президента Р.А.Кадыровс шен Указца «Нохчийн меттан Де» – дIакхайкхийна апрель беттан 25-гIа де. Нохчийн Республикин Парламентехь тIеэцна, Президента куьг яздина, тIечIагIдина «Нохчийн Республикерчу халкъийн меттанийн хьокъехь закон». Вайн республикерчу цхьайолчу школашкахь юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь дIадолийра (2009 шо), амма 20I0-чу шарахь и болх тидамза битарал а совнаха, лакхарчу классашкахь нохчийн мотт, литература а хьехаран сахьташ эшийна. Нохчийн меттан алфавитехь (графикехь), орфографехь (нийсаяздар) хийцамаш беш, леррина вовшахтоьхна комисси ю. Нохчийн меттан алфавитехь, нийсаяздарехь шаьш бан лерина хийцамаш (леррина кхоьллинчу комиссино) бовзийтина хаамийн гIирсашкахула. Хийцинчу алфавитан, нийсаяздаран проекташ ю зорбанехь араевлла. НР-н Iедалан векалшкара орца кхаьчна нохчийн маттанна. И орца кхачаме дуй-те, нагахь къоман (къаьсттина кегийрхойн!) шен маттаца уьйр-марзо хила ма-езза яцахь?

Пачхьалкхан тIегIанехь леррана хIоттийначу планаца нохчийн меттан сий-ларам хьалабоккхуш бан беза болх дIа ца хьахь, кхане кхин а сингаттаме хир ю. Тахана Нохчийчохь нохчийн мотт боллучу хьолехь бара ткъех шо хьалха ГIалмакхойн республикехь гIалмакхойн мотт а. Пачхьалкхан тIегIанехь бинчу балхо гIалмакхойн матте хьашто хуьлуьйту хьелаш кхоьллира, иза буьйцучарна, цунах пайдаоьцучарна билгалдина тайп-тайпана совг1аташ а долуш. Муха, стенна тIера дIадолийча, муьлха хьалха, хIун тIаьхьа дича, дика хир дара Нохчийчийчохь?

Цхьанна а хаа йиш яц, вайна санна дика, вай вешан нохчийн мотт муха буьйцу, вай цуьнан сий-ларам мел бо а. Хууш ма-хиллара, юкъараллехь, пачхьалкхан тIегIанехь а хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт бийцар, цунах пайдаэцар а ледаро ду. Маса стаг ву тахана «СтелаIад», «Орга» журналаш, «Даймохк» газет доьшуш? Нохчийн маттахь зорбанера араевлла исбаьхьаллин произведенеш ешар муха ду вайн? Нохчийн маттахь ораматийн, сагалматийн а цIерш а йохуш, меттан мукъам а ларбеш, къамел деш маца хезна вайна? Нагахь дегIан цхьа меже таза йоцург заьIап лоруш велахь, шен мотт цахуурш заьIап синош долуш ца хуьлу?

Вайн къоман кханалера де тахана вайна хьалха кхуьучу берех а, кхиазхойх а, кегийрхойх а доьзна ду. Цара буьйцучу маттах, царна Iамочу, Iемачу гIиллакхех, церан оьздангаллах хир ду вайн халкъ. Цаьрга хьаьжна, церан хьекъалан, кхетаман мах а хадийна, эр ду къомах олуш дерг кхечу къаьмнийн векалша. Цундела, вайна чIогIа оьшу, кханенаш а ца йохкуш, тахханехь оцу мехалчу гIуллакхна бух кечбар, говзалла йолчу нахе болх а бойтуш. Тахана, дукха бацахь а, болуш бу нохчийн мотт хаза, ц1ена бийца хууш, нохчийн маттахь ойла йийраш, язъян хуурш. К1езиг хан ялахь, школашкахь нохчийн мотт, литература хьеха говзанчаш а боцуш диса кхерам бу хаалуш, школашкара хьал теллича.

Хетарехь, и гIуллакх уггаре а хьалха дIадоло деза доьзалехь аганан иллица, берийн бошмашкахь, юьхьанцарчу классашкахь, берашна лерина книгаш арахоьцуш. Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ. Ага нохчийн цхьайолчу хIусамашкара дIадаккхарца, дIадаларца дIадевлла дуккха а хаза гIиллакхаш, бIеннаш, эзарнаш иллеш, эшарш, мукъамаш. Xlopa ненан а шен илли, эшар, мукъам ма бу, цо бен ца локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац нохчийн доьзалехь мукъам. Гуш дац ага а, гаьнгали а.

…Нахе вахча, гонах хьожий,

Хадабо ас цIийнан мах:

Чохь бер техкош ага долчу

ХIусаман мах бан ма бац.

(А.Сулейманов)

Кхечу къаьмнех тардала гIертачу (я цхьаннах а тера ца хила гIертачу) къоман оьмар йоца хуьлу.

Массо а хIума цхьана барамехь, низамехь а хилча, ларло къам, цуьнан мотт, гIиллакхаш, ламасташ. Халахеташ делахь а, тахана нохчийн маттах пайдаэцаран, бийцаран а (хаамийн гIирсашкахь, юкъараллехь а) хьал дог хьостуш а, бIаьрг белош а дац. Нохч-Г1алг1айн АССР-н телевиденехь, радиохь 1аламат дукха лерана кечйора передачаш. Юх-юха дуьйцуьйтуш, къамел шардой, г1алаташ д1адохий, д1аязйора передача. Цул т1аьхьа бен эфире ца йолуьйтура. Иштта терго латтайора йозанан маттана т1ехь а. Г1алаташ хуьлура, делахь а мелла а к1езиг хуьлура

Ага (нохчийн доьзал) къоман мотт, кхетам кхиоран, гIиллакх-оьздангаллин, кхерчан ладаме цхьа дакъа, хьалхара терхи я къоман школа ю. Оцу аганахь дIаболало беран ненан матте, цул тIаьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу аьхна мотт а. Дуьххьара аьлла дош, кхетачу маттахь хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта берана, иэсехь, кхетамехь дIаязло гуттаренна а.

ДегIан цхьа меже ца хилча, сакхте лору вай дегI. Халкъо иттаннаш шерашкахь шен дахарх чекхдаьккхина муьлхха а дика хIума вай дIатасахь, халкъ а хуьлу шен сица сакхт. Делахь-хIета, шен олуш аганан илли доцу халкъ сакхт лерина а ца Iаш, заьIап лара мегар ду. Бух ца хилча, бохь хила йиш яц.

ХIокху дуьненахь мел болу мотт Дала кхоьллина бу, хIокху дуьненахь мел долу адам санна. Царна массарна а цхьабосса бакъонаш елла, царах цхьа а цхьаъ хьала а ца айбина, лах а ца бина. Иттаннаш шерашкахь дехира вай: «Ас оьрсийн мотт Iамор бу, оцу маттахь Ленина къамел дина дела...» – бохуш. Юха «нохчийн пачхьалкх» ян арабевллачара дIакхайкхийра: «Нохчий, нохчийн гIиллакхаш дан а дац; бусалба, керста – ши дин ду» – аьлла; кхоалгIанаш бара: «Къоман истори ян а яц», – бохуш. «Нохчо», «нохчийниг» ала луурш кIезиг нисбеллера куьйгаллехь хIинццалц. Хетарш дукха дуьйцурш, хила дезарг, бух а болуш, кIезиг дуьйцурш бара куьйгаллехь. Тахана нохчалла, бусалбалла – и шиъ цхьаьна хилийта Iалашо йолуш болх беш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р.А.Кадыров. Цу тIехь, вайна хууш ма-хиллара, кхиамаш а бу.

«Бераллехь Iамийнарг тIулга тIе яздина йоза санна ду», – олуш ду. Цундела хIинцца, кханенаш ца йохкуш, нохчийн матте шовкъ-безам болуш кегийрхой кхиор дIадахьа деза дахаран массо а т1ег1анехь. Мила ву уьш кечбан безарг, оцу гIуллакхан жоьпалла шена тIехь дерг а? Уггаре а хьалха – дай-наной, берийн бошмашкара кхетош-кхиархой, тIаккха – школа; уьш дерриге а юкъалоцуш, терго, Iуналла а дан декхарийлахь республикин хьокъалла долчу хьаьрмийн куьйгалхой бу.

Мотт, гIиллакх дIадаьлла халкъ, синош бен ца дуьсуш, мацах цкъа дара, бохуш, къамелаш бен ца дуьсуш, дIадолу, доь доцуш. Оцу aгlop хьаьжча, школа тахана халкъан меттан, гIиллакх-оьздангаллин пхьалгIа, хьоста, орам, лард хилла дIахIотта еза. Хьехархой шайн хааршца, говзаллийца, лаамца, юкъ йихкина, кийча хила беза халкъан и сийлахь гIуллакх дIакхехьа а, даржо а, чIагIдан а. Даймахке болчу безаман йовхо кхио а, дIало а кхерч хила беза школа, кхерчан йовхо латториг, ларйийриг хьехархо а волуш. Цо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан гIиллакхех, Iилманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг. Шен къоман маттаца, гIиллакхашца зIе, уьйр, шовкъ-безам боцург кхераме ву шен къомана а, кхечу къаьмнашна а. Халкъ, мохк боцуш хила йиш юй-те адам? Халкъан поэто Л. Абдулаевс шен цхьана интервьюхь боху: «Суна мотт оьшу, олуш хьуна тамашийна хетар делахь а, махкал а чIогIа. Ненан маттанна аьхнабоцу мохк – иза мохк хилар а ца хета. Кхерчан йовхо гIийла хаало ишттачу махкахь. Букъ бохбал ерг йовхо яц, дог дохдал яцахь. Вешан маттаца долччул бен дац вай вешан цIахь, вешан къомах. Мотт шен дIахецча, къам – къам долчуьра дIадолу, махках духу. Къоман бен хуьлуш бац мохк».

Къоман цхьа а хIума дац лелорхьама лелийна. Жима хIума дара xlapa-м аьлла, емалдинарг, цхьа хан дIаяьлча, доккхачу зуламе а доьрзий, дуьхьалдолу.

Доцца аьлча, вайн къоман маттаца йоьзна оьздангалла ю яржо езарг. Уггаре а хьалха чIагIъян еза нохчийн доьзалан лард. Доьзалан гIиллакхаш дIадевлча, доьзал боьхча, духуш ду къам. Доьзалехь ца ларбелла мотт, бехкамаш, гIиллакхаш юкъараллехь муххале а ца ларло. Юкъараллехь лардан уьш хила а ца хуьлу, доьзалехь дуьйна уьш ца лардинехь. Къоман синмехаллин кхерч бу доьзал, цуьнан бух латториг мотт а болуш.

ХIаъ, доьзал бу коьрта. Доьзалехь дийца деза йиша-вешех, ден-ненан сий-пусар дан дезарх, лулахочуьнца, юьртахочуьнца, махкахочуьнца, кхечу къоман векалшца хила езачу юкъаметтигех. Уьш дерриге а адамашлахь ваха везачу стагана ша велла дIаваллалц оьшуш ду. Ткъа къонах, муьлххачу къомах иза велахь а, къонах хуьлий вуьсу. Къонахчун сий-пусар дан къонахчун амал кхио еза жимчохь дуьйна, ткъа къонахчун мах къонахчо шен хадабайттинарг бу, цул тIаьхьа наха хадийнарг. ТIаккха хир бац нохчашлахь шича, маьхча, верас дешнийн маьIна цадевзарш, гергарлонаш цалорурш а. И гергарлонаш дIадевлча бен ца буху доьзалехь, къомалахь болу барт.

Вайн цIена са, хаза гIиллакхаш, оьздангалла, эзарнаш шерашкара схьайогIу истори дуьненна а йовзуьйту гIирс (оьрсийн мотт) вайгахь ца хилахь, дукха жимачу гIайри тIехь дуьсур ду вай. Ша-шеца висина стаг бIарзло, ша-шеца дисина халкъ сингаттоне, сингаттаме хьаьвза. Дуьненан шорто вайгахь хир ю, нагахь вайниг лардеш, кхечеран дика а, вон а агIонаш а йовзуьйтуш, къона чкъор кхиадахь. Тахана вайн берашна хаза еза нохчийн эшарш, иллеш шайн ц1ахь, берийн бошмашкахь дуьйна. Цигахь дуьйна нохчийн бераш дIадуьйшуш, самадовлуш хила деза аганан иллин, эшаран мукъамца. Царна дуьйцурш хила деза вайн къоман туьйранаш, болийта беза къоман берийн ловзарех, мукъамех. Биэн а цахетар дIадолало шен халкъан а, мехкан а иллешна букъ тохарна тIера. Вайна дукха гина, французийн, ингалсан, немцойн эшарш лоькхуш хезча, гора а оьгуш, шовкъ йогIуш, амма шен къоман йиш лакха йолийча, лергаш чу потт хIуьтту нах. Поэтан А.Сулеймановн дешнаш оцу тайпанчу нахе аьлла ду: Даймехкан иллига

Шен безам боцург

Ша винчу махкаца

3Iе йоцуш ву.

И зIе меттахIоттор, чIагIъяр уггар хьалха дена-нанна, берийн бошмашна, школашна тIехь хила деза. ТIаккха бевзар бу, безар бу царна вайн Даймехкан иллиалархой, мукъамчаш, халкъан мукъамаш.

Муьлхачу кхетош-кхиоран хьаьрмахь бу и болх леррана хIоттийначу программица дIахьош? Муьлхачу произведенешкара масалш а далош, дIахьош бу (бахьа ма-беззара) классал арахьара болх? Классал арахьара болх муха тухур бу цхьана низамехь вовшах, классехь бан безарг вовшахтоха а хила ма-езза Iаматаш ца хилча? Хууш ма-хиллара, литературо, историно кхиабо кхетам. Халахеташ делахь а, маттаца, литературица, историца кхетам кхиор ледаро ду цкъачунна. Сихха вон хIума ган, цуьнан мах хадо, иза вайн юкъараллера дIадаккха сихдалар дац вайн амалехь, кхечу х1умнаш т1ехь сихалла елахь а. ДIадаханчу бIешерахь дуьйна кхетош-кхиоран болх къоман гIиллакх-оьздангаллех боьзна дIацахIоттор бахьнехь, дийнна цхьа чкъор дешар-йоза ледара хууш, къоман амалца зIе йоцуш а кхиъна вайн.

Iилманчаша далхорах, телевиденехь, радиохь кхайкхадарх гIуллакх хир дац, нагахь халкъана шен мотт дахар-Iерехь хьашт ца хилахь, иза хьашт хинболу хьелаш 1едало ца хилийтахь. Халкъана шен мотт алсамо оьшур бу, нагахь цуьнан мотт НР-н Конституци тIехь дIаяздина ма-дарра, пачхьалкхан тIегIанехь дIахIоттабахь. Массо законаш санна, «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь долу» закон а ду, тIехь терго а латтош, кхочушдайта дезаш. Тахана наггахь а школехь дайн-нанойн гуламехь нохчийн мотт буьйцуш хезаш бац. Цхьайолчу телевиденин, радион передачашкахь иза хаза а, нийса а буьйцуш бац, меттан бакъонаш а ларъеш. Хьал иштта хилча, иза башха къоман меттан сийдар дуй?

Мотт хаар – вовшашка урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца Iа. Мотт xaap – халкъана хьалха дIахIоьттина, сахьтехь, шина сахьтехь, оьшшучохь кица а далош, дустар а далош, нохчийн меттан бакъонаш а ларъеш, къамел дан хаар ду. Нохчийн меттан бен боцчу мукъамехь. Оцу тайпанчу къамеле, хазачу мукъамехь долчу иллига санна, ладугIу наха. Иштта динчу къамело шайн стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а д1адерзадо. Бакъболу халкъан мотт, нохчийн мотт бу, бийца а, хьеха а безарг берийн бошмашкахь, школашкахь, хьуьжаршкахь, светски, исламан а университеташкахь. Дешнаш а, предложенеш а Iамийна ца Iаш, дешархойн сих, т1амарх д1аэйта беза халкъан мотт. Шайх масал эца хьакъболу нохчийн мотт буьйцу 1еламнаха Кадыров Хож-Ахьмада, Шахидов Адама, Тевсиев Бай-1елас, Ахмедов Анзора… 1аламат хаза нохчийн мотт буьйцура поэто А. Сулеймановс, З.Джамалхановс, М.Мачиговс.

Эзарнаш халкъаш ду хIокху малх кхетачу дуьненахь шайн меттанаш а долуш. Царах цхьана маттаца, нохчийн маттаца, схьакхачийна вайга вайн дайша халкъан иэс, амал, гIиллакхаш. Цундела шен халкъан мотт цахуург гена ву шен халкъан диканна, а, вонна а. Ша лазаро хьовзийча беш болу узам, узар, даггара долу доIа, весет, синан мукъам, орца кхайкхар, гIенаш а хила деза нохчийн кIентийн а, мехкарийн а нохчийн маттахь. Царах цхьадерш хилла а кхочуш хир ду, нагахь вай НР-чу школашкахь йоьалгIачу классе кхаччалц мукъане а нохчийн маттахь хьехар дIахIоттадахь. Шайн кханенан ойла еш долу къаьмнаш шайн меттанаш лардеш ду. Вай хIунда дац нохчийн мотт хьехаран сахьташ школашкахь алсамдохуш, РФ-н, НР-н Конституцеша и бакъо вайна елла хилча?

Нохчийчоьнан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхочо Х-А Кадыровс ша «Даймохк» газетана еллачу интервьюхь (20I0 шо, I8-гIа март, № 28) боху: «…Бусалба дино ца боху вайга Къуръан Iаьрбийн маттахь хилла алий а, Дела Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iарби хилла алий, шайн къоман хаза гIиллакхаш тасий дуьтуш, Iаьрбийн гIиллакхашна тIедерза. Ма дерза! Нохчий а долуш, бусалбанаш а долуш, вешан къоман хазачу гIиллакхашца дахар а, декъалхилар а лойла вайна вай кхоьллинчу Дала! Ненан мотт къоман йоцуш йиш йоцу хазна ю. Мотт, ненан мотт, байна долу, и бицбина долу адам мотт буьйцучу къомах херадолу. Дала белла вайна вешан мотт. Шен ненан мотт бицбинарг ийманах вухур вац, ала ваьхьар вацара со. ДоIа дар шена дезаш дерг Деле дехар ду. Ша хIун доьху а хууш, хазачу шен маттахь Далла хьаставелла, дехар тоьлаш хир ду. Вайн хьуьжаршкахь а, исламан институтехь а, университетехь а ненан мотт Iамабар, Iаьрбийн мотт Iамабар санна, лакхарчу тIегIан тIехь хила деза. Ша барта дуьйцург нийса, йозанца дIаяздан хууш Iеламстаг хилар доккха ниIмат ду».

Кегийчу къаьмнийн меттанашца къийсам дIахьош болу ехха хан ю. И къийсам дIахьочарна шера хаьа, мотт дIабаьлча, къам дIадолий. Иза хуучу «идеологаша», шаьш дуьйцург пачхьалкхан д1ах1оттамна, халкъийн юкъаметтигашна мел кхераме, зуламе дуй хуъушехь, пачхьалкхехь цхьа мотт хила беза боху политика дIахьо. И политика дIахьо хIилланца а, нуьцкъаша а, дуьненаюкъара бакъонаш а, законаш а талхош. И политика дIахьочарна ган а, хаза а ца лаьа дуккха а йолчу пачхьалкхашкара бакъдерг: кегийчу пачхьалкхашкахь шиъ я масех мотт пачхьалкхан мотт хилар. Муьлххачу а пачхьалкхан уггаре а боккха, мехала хьал-бахам цунна чохь деха халкъаш, церан гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, меттанаш а хилар къобалдан ца лаьа оццу «идеологашна».

Кхузахь дагаоьху Сулейманов Ахьмада дIадаханчу бIешеран 60-чу шерашкахь Москвахь кегийчу къаьмнийн меттанашна лерина дIахьочу конференцехь: «Кегийчу къаьмнийн меттанаш ишколашкара дIадаха деза, уьш хьеха оьшуш дац, шен доьзалехь а, накъосташца а бийцар бен. Кхин мах а, маьIна а доцуш ду кегийчу къаьмнийн меттанаш…», – кхайкхочийн, чIагIдечийн а къамел, дош а кагдан стогалла а, доьналла а тоьъна, нийса бIостанехьа дина къамел. «Кхо хIума ду дуьненчохь даима а цхьаьна а хила дезаш, вовшехдаьхча, кхуьй а леш: Даймохккий, Ненан Моттий, Халккъий. Тхо-м – нохчий, гIалгIай – Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг, хазаниг тIедуха ца даьхкиний тхешан махка, цIа, карахь-куьйгахь а, тIехь а доццушехь. Тхо цIа оьху: Даймохккий, Ненан Моттий, тхешан Къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна», – аьллера Ахьмада.

Тахана а ду сийлахь-деза и кхоъ – Даймохккий, Ненан Моттий, Къаммий – вовшехкъасто йиш йоцуш.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

251