Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

25.04.2019 17:38 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 29-32 от 24.04.2019 г.

Ненан мотт

Автор: Х.Борхаджиев

Ненал дац х1умма а деза, Дахар а цуьнца ду доьзна. Ненан мотт бу вайна беза, Ю иза исбаьхьа хазна.
Сан ненан маттахь ду аз а, Ненан мотт бу даим сица. Лаьа-кха суна и хаза! Хаза и лаьа-кха бийца.
Ас ненан маттахь йо ойла, Цуьнца сан доьзна ду лелар. Ю иза сан синан г1овла, Сан ненан маттахь ду велар.
Ша безча, цо воккху т1ома, Халонехь хуьлу накъост а,
Ю иза башхалла къоман, Хазачу г1иллакхийн хьоста.
Ду иза ч1ог1ачех герз а: Къийсамехь милла а цосту. Бийцича ша аьхна, мерза, Г1орийна дегнаш цо досту.
Х1орд хуьлий цкъа иза беста, Оьшучохь мостаг1ий човхо. Делахь а лаьа-кха хьеста Адамаш, луш царна йовхо.
Ненан мотт бу беза вайна. Исбаьхьа хазна и хета. Ма диса вай иза байна, Йишйоцуш вай вовшех кхета

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

6