Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

15.05.2019 10:49 Среда
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 33-34 от 15.05.2019 г.

Мотт бу къам

Автор: А.Дениев

24-чу апрелехь Жалкхерачу Д.Б. Абдурахмановн ц1арахчу колледжехь д1аяьхьира нохчийн маттана лерина «Хаза бу нохчийн мотт,оьзда вайн г1иллаккхаш» (Нохчийн белхи-синкъерам) студенташца мероприяти. Студенташа ч1ог1а лерина кечам бира цу мероприятина. Кхайкхина бара лераме хьеший: Жалкхера Оьздангаллин Ц1ийнан директор Нагалиева Зарема «Марем» №2 берийн бешан белхалой, нохчийн меттан хьехархой,берриг студенташ. Нохчийн къоман дахарехь даздечу денойх уггар дезаниг, вайн къоман уггар сийлахьчу денойх дерг а, соьга хаьттича, Нохчийн меттан де ду. Иза х1ора шеран 25-чу апрелехь даздо вай. Халкъалахь олуш ду: «Мотт бу-къам ду, мотт бац – къам дац». Ненан маттал деза хIума хила йиш яц къоман кхолламехь, хIунда аьлча, шен мотт байна къам дуьненан букъ тIера дIадов. Даймохк а ца буьсу цуьнан. Къоман бен хуьлуш бац Даймохк. Ткъа
къам матто латтош ду. Ненан маттахь долу йоза-дешар цахаар доккха сакхт ду. Стаг мел лакхарчу даржехь хиларх, нагахь цунна шен ненан мотт кхоччуш ца хаахь, цуьнан сий-ларам лакхара хуьлийла дац. Шен синан кхача лоручунна цкъа а ца хилла нохчийн мотт бийца хала. Нохчийн мотт сийлахь-баккхийчу Iилманчаша, яздархоша шена тIе тидам бахийтина теллина а, хьале лерина. Студентийн аьтто хилира нохчийн белхи-синкъераман цхьа кеп гайта. Синкъерамехь г1иллакх-оьздангалла х,тешамах,безамах дечу къамелаша боккха кхетам ло кегийрхошна. Цигахь ойла а еш, г1алатваларх лар а луш , дора къамелаш. Синкъерам-кегийрхойн ойланаш самайохуш, безам, марзо, дегайовхо кхуллуш, самукъадоккхуш меттиг ю. Даггара баркалла а бохуш, колледжера д1абахара хьеший.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

66