Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

27.08.2020 09:46 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 37 от 27.08.2020 г.

Гуьмсера толамхо

Автор: С.Дениев

Х1ора къоман абузаманан йохаллехь лоьруш, царах иллеш, байташ йохуш, дийцарш яздеш, церан хьуьнарехдуьйцуш,уьш биц а ца беш,турпалхой. Иштачу турпалхойхву Ахьмад-Хьажа а. Цо дина дика г1уллакхаш вай дийцина а девр дац. Дуьненахь а бевзацуьнан кхиамаш.
Вайн республикехь дика ламаст хилла д1ах1оьттина Ахьмад-Хьаьжина лерина даздарш, цхьаьнакхетарш къовсамаш д1абахьар.Август беттан 23-чу дийнахь, Ахьмад-Хьаьжа вина
де билгалдоккхуш,берашна юкъахь Соьлжа-Г1алахь д1абаьхьира
Ахьмад-Хьаьжина лерина байташ йоьшуш,боккха къовсам. Цу къовсамехь дакъалоцуш кхо эзар сов бер дара. Вайн республикера хилла а ца 1аш, кхечу республикашкара, пачхьалкхашкара а барадекъашхой. Къовсаман жюрехь бара вайн
республикера бевзаш болуяздархой, 1илманчаш, меттан говзанчаш
а. Цу къовсамехь дакъалоцуш вара Гуьмсера №5-чу ишколан шолг1ачу
классан дешархо Алиев Адаман Ансар а. Жима волуш дуйна а вара
(берийн бешахь)Ансаршен нийсархошлахь къаьсташ. Цунделакъовсамашкахь дакъалацийта хьехархоша хьалхатоьттура Ансар. Тахана цо и шен хьуьнар, говзалла а цу къовсамехь вайна схьагайтира,поэтан Алиев Мохьмадан «Ца воьжна къонах»
байт а ешна, кхоалг1а меттиг яьккхина.Кхо эзар сов болчу дакъалацархошлахь кхоалг1а меттиг яккхарбоккха кхиам бу. Ансар! Дала аьтто бойла хьан! Дахарехькхин а баккхий кхиамаш хуьлийла
хьан!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

21