Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

22.04.2021 23:59 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 19-20 от 22.04.2021 г.

Гуьмсен муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочун С.С. Закриевн «Нохчийн меттан Денна» лерина декъалдар

Салам-маршалла ду шуьга, хьомсара хьехархой, дешархой, культурин белхахой, к1оштан массо а бахархой! Вай вешан ненан меттан сий-ларам бан, нохчийн маттаца вовшех марзо эца вовшахкхетта, нохчийн маттах нохчийн маттахь хастаме дош а олуш. Вайн хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан) аьлла дешнаш дагаоьху тахана: «Нохчийн къам дийна хиларан ч1аг1о ю нохчийн мотт». Мотт ца хилча,
къам хила йиш яц. Маттаца ю къоман истори, цуьнан селхане, тахане, кхане. И дерриге а тидаме а эцна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмад-Хьаьжин к1анта Рамзана апрель беттан 25-г1а де «Нохчийн меттан Де» — д1акхайкхийра. Ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан Денца. Нохчийн маттаца долу гергарло, уьйр-марзо г1ел а ца луш,
цуьнга болу безам алсамболуш, дахар хуьлийла шун.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

2