Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

18.08.2023 10:43 Пятница
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 34 от 16.08.2023 г.

Поэзехь керла ц1е

Шаухалов Денилбекан Зарина йина 1973-чу шарахь Нохч-Г1алг1айн АССР-н Грозненски к1оштара Дочу-Борзехь. Циггахь юкъара школа чекхйаьккхина цо. Байташца гергарло бераллехь тасаделла Заринин, амма тахханалц зорбане йаьлла йац иза. К1айн йа маьрша стихаш ала мегар ду авторан байтин кепах. Коьртаниг — даггара йазйина йу уьш. Кхузахь оха дуьххьара дешархойн кхиеле йохку церах цхьаерш.

***

Хи ц1ена хуьлуш дац, и хьаьъна хиларх.

Кегийча, и макхлахь, бух ц1ена бац.

1амал а ц1ена йац, даггара йацахь.

Дегнаш чу хьожуш верг Аллах1 бен вац.

Г1иллакх а г1иллакх дац, и сица дацахь.

Мотт хаза лебарах, 1ехалур дац.

Цо гучавоккхур ву, сирла малх кхетахь.

Йа ша т1ехь йиначух х1усам хир йац.

***

Хьо-м парг1ат лелаш ву цкъачунна,

Со йоцуш санна хьайн дахарехь.

Со йоцуш — хирий те серло,

Туокхо луш — хирий те марзо?

Ас, — дог сайн мелла а шелдеш

Цу чуьра д1айелла хьуна

Хьан деган кхерчара йовхо, -

Ас санна ларйийр йуй кхечо?

***

Нохчийн мотт!

Хьоьх лаьцна байт йазйан со охьахиъна,

Ала дош ва лоьхуш, ойлайан йаьлла.

Аланза дисний-те мерза дош хьоьх?

Йух-йуха дийцича, кхетарий соьх?

Хьо шорта хиларан — сан шеко йац,

Дош доцуш йисарна со-м кхоьруш йац.

Ас хIинца, хьо бекош, карчор бу мотт,

Нохчийн мотт цIе йолу, сан ненан мотт.

Башламан баххьашца буьстича хьо,

Сийлалла хьан гайта – уьш лакхе йац.

К1оргачу Iаннашца буьстича хьо,

Хьан маьIна дустал — уьш кIорга дац.

Хийлаза хьоь болу безам балхийна,

Ала дош ца кхоош хьо хийла хестийна.

Ткъа хIинца — дийсина дешнаш гулдина,

Илли ас сайн олу, хьан дуьхьа лерина.

Бахалахь, нохчийн мотт, дуьне мел лаьтта,

Бахалахь, нохчийн къам мел деха лаьттахь!

Маттаха дIахаьдча, дIадолу къам,

Нохчийчохь бехачийн – синойн хьаам!

Бекалахь, нохчийн мотт, тхан лаьмнаш декош,

Лаьмнашца товшйерг – хьан зевналла йу.

Бекалахь ирзошкахь, тхан хьаннаш екош,

Нохчийчохь хазийта хьо хьанал бу!

Дуьххьара наноша агана дохкуш,

Тхо хьоьстуш хазийнарг нохчийн мотт бу.

Аганан и илли цхьа мерза олуш,

Набарна товжийнарг ненан мотт бу.

Кегийрхой гулбелча шовданан коьрте,

Шайх летта безаман и мерза цIе,

Вовшашца уьш кхойкхуш уьйрашка, барте,

Теш хилла лаьттинарг нохчийн мотт бу.

Кхайкхаза тIебеъча махкана бала,

Къонахий, йукъ йоьхкуш, бовлуш цу ара,

Мехкарша турпалхой дегнаш шаьш айдеш,

Эшаршкахь бекийнарг нохчийн мотт бара.

***

Нохчалла

Маржа яI, нохчалла, ма шортта ду-кха

Хьан ц1арца доьзнадерг, йистйоцуш дийца.

Маттаца дIаала — хуур дац иза,

Кхехкашдерг пхенашкахь нохчийн цIий дацахь.

Нохчалла — йац иза дешнашца йоьзна,

Барта ша йийцарх и йоьвзар йац хьуна.

Хьо цуьнах кхетар вац, мел лаарх хьуна,

Болатан нохчийн дог хьан кийрахь дацахь.

Хьо, шена хьарам веш, хьо винчу нанас,

Махкана веш хьанал, тIаме ца хьажийнехь,

Йишас, тIе куьг хьоькхуш, новкъа ца ваьккхинехь,

Хьо кхетар вац, хьуна, нохчалла бохучух.

Хьайн нигат дохийна, хьо дохко ваьллехь,

ГIазотан некъара йуьстаха ваьллехь,

МостагIчун герзана кхоьруш букъ берзийнехь,

Пхенашкахь леларг хьан нохчийн цIий дац, хьуна.

Кийрара шен бала дагчу къевлина,

Берех и хьулбинчу хьайн хIусамненан,

Доьзалан, тIаьхьенан ойла ахь ца йинехь,

Хьан кийрахь детталург нохчийн дог дац хьуна.

Даймахках цIе летча — хьайн са дадийна,

Кхерчана букъ берзош, хьо гена ваьллехь,

Хийрачу махкахь хьайн хIусам ахь лехнехь,

Нохчалла бохучух хьо кхетар вац хьуна.

Воккхачо аьлла дош ахь чIире лаьррехь,

Мискачух ца вешаш, цунна петоьхнехь,

Хьайн вешийн толам ахь хьогIе тIе лаьцнехь,

Нохчалла боху цIе хьан сица йац хьуна.

Хьайн къомах мехкарийн сий ахь ца лардинехь,

Йижарий хьайн санна, ахь уьш ца лийринехь,

Эхь-бехках вухуш, ахь эвхьазло гайтинехь,

Нохчалла бохучух хьо кхетта вац хьуна.

Вошалла оьшучохь — ахь куьг ца кховдийнехь,

ДоттагIа боху цIе ахь йорах йоьхкинехь,

Осала гайтинехь, хьогIах йахь хийцинехь,

Нохчалла бохучух хьо кхетта вац хьуна.

Вайн Делан и Элча, и Устаз хьахочохь,

Болат дог кIадделла, хьан бIаьрг ца тIунбеллехь,

Хьан кийрахь детталург нохчийн дог дац хьуна,

Нохчалла бохучух хьо кхетта вац хьуна.

Зорбане йоху авторан редакцехь

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

313