Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

21.09.2018 16:35 Пятница
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 70-73 от 21.09.2018 г.

Лоьраш-дог ц1ена адамаш

Суна хастаме дешнашца лоьрех ала лаьа. Лоьраш хилла
ца 1аш, уьш адамийн синойн а,
дог1мийн а пхьераш бу: х1ора
дийнахь машенашкахь отуш, вуьшта лазийна, больнице кхоьхьуш
бу лазархой, шайх юханехьа вовшахтийсина адамаш а далур
дуй-техьа я дийна а буьсур буйте олий, хета а луш. Амма, Делан
пурбанца, лоьраша тобой, цкъа а
лазийна ца хилча санна, ц1а бохуьйту дархой.
Кесталг1а сан къамел хилира Гуьмсан к1оштан боль-
ницин травматалогин декъан
доладархочуьнца Алиев Хьамзатаца. Цо дийцира шайн бал-
хах, белхан накъостех, иштта
шайн коьрта лор волчу Энганоев Илесах а лаьцна.
Хьамзата бохура, баккъал а
аьлча, лоьрийн болх х1умма а
аттачех бац, тайп-тайпана хуьлу
лазийнарш, цомгашнаш, шайн
амалш йолуш, оьг1азе, дера,
1ийжаме. Х1оранга бийца мотт
хууш хила веза, хастаме, догъоьцуш, тешам луш дош а олуш.
- Оцу атта доцучу декхаршца дика ларош бу тхан лоьраш,
лорйижарий а, — дуьйцу Хьамзата. — Суна ц1ераш яха луур ду
царех цхьаболчийн: Эльмурзаев Рамзан, Минкаилов Рамзан,
Шамилев Алихан. Балха т1ехь
кхиамаш хуьлуш, дика ларош
схьабог1у уьш. Лазийнарш,
цомгашнаш, кхузахь анализ
йина а бен, Соьлжа-Г1ала а ца
буьгуш, дикачу аг1ор юьйцуш,
схьайог1уш ю вайн больница, -
дозаллийца боху Хьамзата.
- Хьамзат, шайн лорйижарех лаций дийцахьа аьлла, аса
шега дехча, Хьамзата элира:
- Беригге а лорйижарий, къесто
йишйоцуш, цхьаъ санна, дика бу,
шайна т1едиллинарг т1ех дика
кхочуш а деш, х1ора цомгашчуьнга бийца мотт а болуш. Цом-
гашчара баркаллаш боху цаьрга
шайна дарба леладайтарна. Царех ю Рашидова Мадина, Катае-
ва Амнат, иштта д1. кх. берш а.
Шайн коьртачу лоьрах Энгано-
ев Илесах а хастаме дош элира
Хьамзата. — Илес санна лазархойх
дог лозуш, къинхетамца церан дог
хьостуш, дарбанна оьшург деригге а латтош, дукха хир бац. Бакъду, оцу дерриггенна т1ехь тхан
ницкъ кхачуьйтург, г1о дийриг
вайн паччахь Кадыров Рамзан
ву. Дела реза хуьлда цунна! Кхечу пачхьалкхашкахьчул а тоьл-
ла г1ирс боуьйту цо вайн больнице. Цундела луларчу мехкашкара
цомгашнаш а оьху кхуза, шайна
дарба лоьхуш, г1оли а хуьлий,
ц1а а боьрзу, вайн паччахьана а,
лоьрашна а баркаллаш а бохуш,
- дуьйцу Хьамзата.
Хьамзат ч1ог1а эхь-бехк долуш адам хиллера. Мел де-
харх, шех лаьцна ца дийци цо.
Амма цуьнан белхан накъоста-
ша элира цунах дош.
- Хьамзатал къинхетаме а, дог
ц1ена а, лазархойх дог лозуш а
лор хир вац наггахь а. Цомгашчуьн
узар цунна хазахь, массо а лор
т1е а кхойкхий, бехкаш доху цо,
дов дар а доцуш. Цундела цунна
хьалха юьхь1аьржа х1утту ледарло ялийтинарг. Сихонца дарбанаш
леладар т1едуьллу цо, х1оранца
бийца мотт бу, цомгашчийн догъэца хууш ву, догдиллинчунна дов-
хачу дашца тешам ло, дашца, ала
мегар долуш, дарба до.
Тхойшиннан хиллачу къамелехь к1еда-мерза мотт бийцарца,
г1иллакхе, оьзда хиларца, Хьамзат, шен накъосташа ма-вийццара хилар, шера гуш дара.
Дала латта бойла и лоьраш
вайна, могуш а болуш, вайн могашалла ларъян. Шайн ницкъ,
г1ора а ца кхоош, сада1ар доцуш, вайн дуьхьа къахьоьгуш бу
уьш. Къоман бакъболу къонахий ала дог1у царех дукхаболчех, къома дуьхьа шайн синош
д1адала а уьш кийча хиларна.
Хийла т1емашкахь т1е 1енаш
герз доллушехь, лазийнчийн
дола деш, кхераме доллушехь,
федералаша, аш дарба лело-
риш т1емалой бу, бохуш, тоьпаш
етташехь, эзарнаш вайн нах лечура к1елхьара бехира цара.
Цундела лоьрийн сий деш,
царна даггара баркалла ала
лаьа суна. Хьамзат а, цуьнан накъостий а санна, лоьраш Дала
латтабойла вайна. Лаа дац уьш
санначийн мах Кадыров Рамзана а лаккхара хадош хилар.
Алиев Хьамзата элира, Кадыров Рамзан санна, къомера хьал
хууш, къомах дог лозуш верг хир
а вац: массо а цамгаран балех
хьалхаваккха лаарца, цомгаш-
наш шен хоржах кхечу пачхьалкхашка а цхьана хьовсош, тоьл-
ла лоьраш махка балош, маьхза
дарбанаш леладойтуш, воллу
иза. Амма вайгара баркалла дац
цо лоьхург, Дела резавар ду!
Иштта бу-кх Хьамзат а, цуьнан белхан накъостий а. Аллах1
Дела реза хуьлда царна! Цец а
вуьйлуш, ладоьг1ура ас церан
синна аьхначу къамелашка, деккъа шайх дарба хир долуш,
шовда санна, ц1ена долчу. Уьш
ма бу буьрсачу т1еман шерашкахь, халонех чекх а буьйлуш,
адамаллийн а, пох1маллийн
сийлалле кхаьчнарш, къоман
могашалла ларйинарш.
Алиев Хьамзата элира, бусулба стаг даим нехан хьашташ кхо-
чуш дарехьа ойла йолуш хила
веза, ницкъ кхочучу барамехь
уьш кхочуш деш хила а веза.
Цхьа де цхьаьнгахь ца лаьтта,
дуьненчуьра ша д1аваьлча а,
сирла лар йита еза. Цо ма-аллара, травматологин декъан бел-
халой, Гуьмсан к1оштан коьртачу лоьраца Энганоев Илесаца
хьанал къа а хьоьгуш, нахана
безарца лар а юьтуш, бехаш бу.

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

91