Меню
16+

Гудермесская районная газета «Гумс»

26.01.2017 14:43 Четверг
Категория:
Если Вы заметили ошибку в тексте, выделите необходимый фрагмент и нажмите Ctrl Enter. Заранее благодарны!
Выпуск 3-4 от 26.01.2017 г.

Берийн ирсе яххьаш

Автор: Иман АДЗИЕВА

Тахана Нажин-Юьртан к1оштан Гилна юьртахь «Жайна» берийн бешахь д1адаьхьира керлачу шарна лерина даздарш. Б1аьста стоьмийн бешахь дека хьозарчий санна, берийн аьзнаш хезара. Ловзарш, хелхарш, ирсе кхийсадаларш – х1ора а беран ч1ог1а самукъадаьлла хилар гуш дара. Уьш иштта ган таро хилар вайна боккха кхаъ бу. Хетало уьш х1ора а ирсан беша кхаьчча санна.
Оцу цхьаьнакхетарна леррина кечам бинера х1ора а нанас – уьш кечбарца, ткъа иштта кхетош-кхиорхоша а – уьш 1аморца. Цара хьегна къа эрна цахилар бераша дика д1а а гайтира.
Цхьаьнакхетар д1адаьхьира йоккхачу, хаза кечйинчу х1усамехь, сонехь бес-бесара лепачу базалгана гуонаха хьийзаш бераш а дара, тайп-тайпаначу, хазачу духаршца кечделла. Амма царах х1ора а сатесна дара Г1ура-Дада ган, шайн корматаллаш цунна д1агайта.
Цара сатийсина ирсе миноташ т1екхечира, Г1ура-Дада а веара, шеца цхьаьна Лайн-Аьзни а йолуш. Х1ора а бер хьостуш, цо шайна кечдинчуьнга ладуг1уш я хьовсуш, Керлачу шарца декъалдеш, х1оранна а совг1аташ деш чекхделира Г1ура-Дада а, Лайн-Аьзни а.
Ткъа оцу тайпана хаза совг1аташ берашна даийтнарг яра Нохчийн Республикин Куьйгалхочун г1оьнча Кадырова Зарган.
Берийн бешан куьйгалхочо Хаджиматова Зинас Керлачу шарца декъалбира вайн махкахой, шен юьртахой, шен белхахой, иштта х1ора беран дог хьостуш цо элира: «Шу х1ора а сан сих схьадаьлла са хета суна».
Иштта, цхьа дагах кхеташ, хаза дешниш элира берийн бешан кхетош-кхиорхочо Исаева Элисас а: «Х1ара болх тхайн декхар хеташ бо оха. Х1унда аьлча, вайн берийн кхане вай ваьш кхолла еза, церан дахаран некъ хоржуш вайн декхар ду царна и гайта».
Хазахета вайн т1екхуьучу чкъуран иштта сирла, ирсе яххьаш гуш. Дала декъалдойла вай!

Добавить комментарий

Добавлять комментарии могут только зарегистрированные и авторизованные пользователи. Комментарий появится после проверки администратором сайта.

74